Буьйсанна итт долуш хир дара цунна стиглахь дӀо шахьарахь латийначу стогарийн нур гича. Цкъа хьалха стиглахь халла хаалуш дара иза, бутт гӀаттале гучудолу нур санна. ТӀаккха къаьсташ гучуделира хӀинца чӀагӀъеллачу йочанца карзахбаьллачу хӀордана тӀехула. Оцу нуьра тӀе вогӀа а велла, кестта, дукха ца Ӏаш лаьттехьа оьхучу Гольфстриман хиидаре кхочур ву со бохуш, ойла а йеш, вогӀура иза.
«ХӀаъ, дӀаделира иза, — ойла йора цо. — Хьала а, охьа а, тӀе ца леташ Ӏийр бац уьш. ХӀокху боданехь, карахь тоха цхьа а герз а доцуш, царна хьан хӀун дийр дара?»
Дукха кӀадвелла, дерриге дегӀ дӀалаьцнера цуьнан, лазийна а, даьӀнаш девлла а меженийн чевнаш буьйсано йеанчу шелоно карзахьйаьхнера. «Кхин царах лета ца дезаш, дӀадоьрзур дац-те хӀара? — сатуьйсура цо. — Ма хьал дацар-кха соьгахь йуха а царах лета».
Амма буьйсанна иза летира, хӀокху болехь цхьа а догдохийла йоций а хаьара. Йоккха жӀуга а йина тӀелетира уьш, цара шайн пиллагашца тоьдуш, хи чохь йуьту лар а, чӀерана тӀебетталучу хенахь догӀмаш тӀера къега томмагӀаш бен, кхин гуш хӀума дацара. Кхо доггах коьртех тӀейеттара шен чхьонкар, амма хезаш сутара вовшех деттало мочхалийн тата дара, ткъа бухара хьала кадетташ, чӀеран дилха этӀочара дерриг гӀикх, лестош, ловзадора. ГӀоддах, бен-башхо а йоцуш, шен ка йаьл-йаьллачу тӀейеттара воккхачу стага чхьонкар, тӀаккха цӀеххьана цхьамма кхуьнан карара ур-атталла и чхьонкар а схьайаьккхира.
Воккха стаг, гӀикхан тӀома кӀелара румпель схьа а йаьккхина, иза йетта вуьйлира, шина куьйга хьала а уьйбуш. Амма вуьш тӀаьхьий-хьалхий тӀелетара, тӀаккха цхьаьний а тӀебетталора, чӀеран дилхах туьйсу кӀайн кескаш, лепаш, гучу мосазза йуьйлу, йуха а чухехкалора гӀоркхманаш.
ТӀаьххьара цхьаъ чӀеран коьртана улле беара, воккха стаг кхийтира, чӀерах кхин йисина хӀума йоцийла. Шен ирча мочхалш чӀеран ондачу коьртах а тесна Ӏачу гӀоркхман хье лоцуш румпель чутуьйхира воккхачу стага. Йуха а, йуха а тӀейеттара цо иза. Румпель каглуш хезира цунна, тӀаккха шен карахь йисина дечиган ира йуьхк, Ӏоьттина, цуьнан дегӀах йахийтира цо. Кхунна хаа а луш, дегӀах чуйахара дечиг. Иза ира йуйла хуучу воккхачу стага, схьа а йоккхуш, йух-йуха а гӀоркхмах Ӏуьттура дечиг.