ГӀоркхма, корта дӀа а хецна, дӀабахара. Оцу жӀуганах тӀаьххьара гӀоркхма бара иза. Царна йаа йисина кхин хӀумма а йацара кхузахь.
Воккха стаг халла садоьӀуш вара. Шен багахь цхьа цабевза чам хаабелира цунна. Чам цхьа тамашийна мерза бара, мазах тера. Цо цкъа йуьхьанца кӀеззиг кхерийра иза. Делахь а, дӀора башха хӀума а дацара.
ХӀорда чу шат дӀа а тоьхна: «Баа шайна, Galoonas, — элира цо. — Шаьш адам дийна моьттуш, даккхийде шайна».
ХӀинца ша кхоччуш эшийнийла хиира цунна, ур-атталла дӀатоха кхин бисина гӀирс а боцуш. ГӀикхан дуьхе а ваьлла, кагъелла йисинчу румпелан йуьхк тӀома кӀел нисйича, иза мелла а мегаш карийра цунна кхин дӀаваха. Гали шен белшана гондӀа а хьарчийна, гӀикх цӀехьа дерзийра цо. ПаргӀат вогӀура иза хӀинца, цхьана а ойлано, лаамо а, цхьана хӀумано а карзах а ца вохуш. Кхузахь долчух а, массо хӀуманах а догдиллина ваьллера иза, цундела цӀехьа боьду некъ ма-хуьллу атта а, нийса а бар дара коьртаниг. Буьйсана йуккъехь цхьацца гӀоркхмаша чӀерах йисинчу чархах це йеттара, йуург йиъначул тӀаьхьа шуьнехь дисинчу цуьргех йетта ка санна. Воккхачу стага цхьа а тидам ца бора церан, йа цхьана хӀуманан а, шен некъ боцчун. ГӀикх хӀинца цхьа атта, паргӀат догӀуш хиларан тидам-м бира цо, йуххе тесна и боккха мохь боцу дела.
«Дика гӀикх хилла хӀара, — ойла йора цо. –
Доьхна галдаьлла хӀумма а дац, и румпел йоцург, иза-м хийцалур йара».
Лаьттехьа долчу хиидарехь ша вуйла хаалора цунна, лаьтта йистера плйажийн раьгӀнашкахь летта чиркхаш а дара гуш. ХӀинца ша билггал мича кхаьчна, хаьара цунна, кхин дӀавахар хӀума а доцург дара.
«Хьаьа хӀуъу бахахь а, мох вайн доттагӀ бу, – ойла йора цо. ТӀаккха: — Наггахь, — аьлла тӀетуьйхира. — ХӀара боккха хӀорд а, цу чуьра вайн доттагӀашца а, мостагӀашца а. Маьнга а, — дагадеара цунна. — Маьнга бу сан доттагӀ. Сан мотт.
Мотт дика хир бара хӀинца. Иэшар-м, эшна ваьллачул тӀаьхьа, дукха хала хуьлуш а ца хилла, – ойла йора цо. — Хьан ешира-те хьо?— хаьттира цо шега.
— Цхьамма, — жоп делира цо барта. — Дукха гена йуккъе вахнера со.
ХӀара бухте¹ схьакхаьчначу хенахь терраси тӀера стогарш дайина дара, массо а вижина хир вара.
¹ Бухта — лаьтта йистехь хӀорда кеманаш а, гӀикхаш а дӀахӀутту меттиг.