Иза сама ца ваккха, меллаша араваьлла, велха а воьлхуш, некъа охьавогӀура иза, воккхачу стагана кофе а, кхин цхьацца кхалла хӀума а тарйан дагахь.
ЧӀерийлецархойн цхьа йоккха тоба йара воккхачу стеган гӀикхах тесначу чӀеран чархе хьоьжуш гулйелла. Царах цхьаъ, хечин когаш хьала а карчийна, лескица чӀерах йисина даьӀахкийн чарх йустуш воллура.
КӀант охьа чу ца воьссира. Иза хиллера кхузахь хьалхо, гӀикхана оьшучун доладеш а виснера церан цхьа накъост.
— Муха ву иза? — мохь туьйхира гулбеллачех цхьамма.
— Вижина ву, — элира кӀанта, шен велхар хӀумма лечкъа а ца деш. — Цхьаммо а иза хье ма велаш.
— Коьртера цӀогане кхаччалц берхӀитта гӀулч бу иза, — элира бустуш хиллачо.
— Со теша-м теша, — элира кӀанта.
Терраси тӀе а вахана, цхьана банки чохь кофе ло, элира кӀанта.
— Дика йовха хилийталахь, алссам шекар а, шура а тоха.
— Кхин хӀумма оьший?
— ХӀан-хӀа. ТӀаьхьо, цо хӀун кхоллур йу, хьожур ву со.
— Деллахьа, ма чӀара хилла иза, — элира туьканан дас. — И санна боккха чӀара лаьцна дага а ца догӀу суна. Аша селхана лаьцна шиъ а бара боккха.
— Уьш-м чӀерий йацара, — элира кӀанта, йуха а велха хӀуттуш.
— Мала хӀумма а хьой ахь? — хаьттира туьканчас.
— Ца хьо, — элира кӀанта. — Сантьяго цкъачунна хье ма ве. алахьа цаьрга. Со тӀаьхьо йухавогӀур ву хьуна.
— Иштта и нисделла баккъала новкъа деана суна а, дӀаалахьа цуьнга.
— Эр ду ас, — кӀант аравелира.
Йовха кофе а эцна, воккхачу стеган тоьли чу йуха а веана, иза самаваллалц цунна йуххе хиъна Ӏийра кӀант. Цкъа, самаволуш санна, цхьа ишар йира воккхачу стага, тӀаккха йуха а набаран кӀоргене вахара. КӀант, ара а ваьлла, цхьацца дечиган таро йан хӀоьттира, иза самаваьлча, кофе йохйан.
Эххар самавелира воккха стаг.
— Хьала ма гӀатталахь, — элира кӀанта. — ХӀара дӀамалахьа. — Стаки чу а йоьттина йовха кофе кховдийра кӀанта.
Воккхачу стага и, схьа а эцна, дӀамелира.
— Манулин, цара эшийра со, — элира цо. — Баккъал а цара эшийра со.
— Оцу чӀераца лара-х виний хьо.
— Дера ларийра. Важа-м цул тӀаьхьа дара.
— Педрика гӀикхе а, бисинчу гӀирсе а хьожуш висна. Оцу коьртах хӀун дан лаьара хьуна?
— Педрике теда а тедийтий, кхоллургаш йайтахьа.
— Тур?
— Хьайна дезахь, хьайна дита.
— Сайна дуьтур ду ас, — элира кӀанта. — ХӀинца вай дан дезачун ойла йер вай.