— Со лоьхуш барий уьш?
— Бара дера. БӀаьхой а, хӀаваакема а айбинера.
— ХӀорд дукха боккха бу, цу чохь жима гӀикх ган атта дац, — элира воккхачу стага.
«Вистхила адам долуш мел дика ду, хьо хьайга йа хӀорде луьйчул», — аьлла, дагадеара цунна.
— Суна чӀогӀа эшнера хьо, — элира цо. — Аша хӀун лецира?
— Хьалхарчу а, шолгӀачу а дийнахь — цхьацца, кхоалгӀачу дийнахь — шиъ.
— Дика лаьцна.
— ХӀинца дуьйна дӀа йуха а хьоьца хир ву со.
— ХӀан-хӀа. Соьца ирс дац. Даьлла дӀадахана, билггал.
— Иза-м тӀурнене гӀахьара, — элира кӀанта. — Ас сайца дохьур ду ирс.
— Хьан цӀерачара хӀун эр ду, тӀаккха?
— Бен-м дац суна. Селхана а ши чӀара беана ас. Амма хӀинца дуьйна вайшиъ цхьана лелар ву-кх хьуна, дукха ду сан Ӏамо дезаш дисина.
— Диканиг цхьа ланцет тарйан йеза вайша, ир а йина, даимна кийча хилийта. Тишачу Ford рессорах йалур йу иза. Гуанабакохь ирйийр йу вай. Йу санна, ира а, чӀогӀа а хила йеза, дукха йахча а ца йеш, каг ца йалийта.
— Оцу рессорах сайна кхин а дика цхьа урс а дийр ду ас. И brisa-дарц маса дийнахь лаьттар ду?
— Кхаа-деа дийнахь, йа кхин сов латта а мега.
— Ас массо хӀума а кийча хуьлуьйтур йу хьуна, – элира кӀанта. — Ахь хьайн куьйгаш тодалийта.
— ХӀокхарна дан дезарг-м суна хаьа хьуна. Буьйсанна цхьа тамашийна шет йелира сан, кийрахь цхьа хӀума иккхиний-те, моьтту суна.
— Цунна а дарба дан деза, — элира кӀанта. – ХӀинца дӀатовжахьа, ас, вахана, цӀена коч а, кхин а цхьацца кхалла хӀума а йохьур йу хьуна.
— Со цӀахь воцуш арадевлла газеташ а далахь, – элира воккхачу стага.
— Хьо сихха товала везаш ву хьуна, суна хьоьгара Ӏама а, ахь суна Ӏамо а дукха хӀуманаш ду хьуна. Ма чӀогӀа ницкъ хилла хир бу хьуна?
— Ницкъ-м дера хилира, — элира воккхачу стага.
— Ас кхача а, газеташ а дохьур ду хьуна, — элира кӀанта. — Дика садаӀа. Аптекера хьан куьйгашна цхьацца молханаш а дохьур ду ас.
— Педрике и корта шена бита ала, диц ма делахь.
— ХӀан-хӀа, дицдийр дац.
Ара а ваьлла, тӀулган некъахула охьавогӀу кӀант йуха а велха вуьйлира.
Суьйранна терраси тӀехь баьхкинчу туристийн тоба гулйеллера. Царах цхьана зудчунна дӀо лаха хи чохь йаьссачу йийн банканашна а, йелла Ӏохкучу медузашна а йуккъехь чӀеран цхьа тамашийна деха букъасурт гира. Цуьнан инзаре доккха цӀога малхбалера схьахьоькхучу махо бухти чохь гӀаттийначу тулгӀенаша, уьйбуш, хинан йисте кхуьйсура.