— И дӀораниг хӀун йу? — хаьттира цо официанте, хӀинца хӀордан нехаш а хилла, воккхачу стага лаьцначу чӀерах йисинчу букъасуьртан йехачу даьӀахкан чарха тӀе пӀелг а хьажош.
— Tiburon, — элира офицанта. — ГӀоркхмаша, – шен дагахь хиллачух кхето гӀертара иза.
— Иштта хаза товш цӀога хуьлий ца хаьара-кх суна гӀоркхмийн.
— Бакъ ду-кх хьуна иза, — элира цуьнца волчо. ДӀо лакхахь шен тоьли чохь воккха стаг, йуха а наб кхетта, вижина Ӏуьллура. ХӀинца а бертал вижина вара иза, йуххе а хиъна, цуьнга хьоьжуш кӀант а волуш.
Воккхачу стагана гӀан гора. Лоьмаш.