бехачу новкъахь Хортӏас ойла йора ша хьочу маттана ӏедало шена лун болчу кхоан. Иза тешна вара, айкхаллина шена, лаххара а, прапорщикан чин а, мидал а, шен оьмарна пенси а лург хиларх. Воккхахволчу кӏантана хьаькамалла даларе са а туьйсура. Мотт эцна воьдург хӏара велахь а, къайле гучуйаьккхинарг Асхьад ма вара. Масех шарахь Гезлойн-гӏопехь талмаж а лаьттина, чинехь ша лакха ца воккхийла хиъча, цӏа а веана, ден туьканахь болх беш сецнера иза.
Амма Авалов цуьрриг а цец ца ваьккхира Хортӏас беанчу матто.
– ӏаьндоша хьалхе йаьккхина, господин йуьртда, – элира цо кӏоршаме. – Хьо жимма тӏаьхьависина. Делахь а, схьавогӏуш къа а хьегарна, шайн ши йуьртахо ахь ӏедале а валарна, хӏара итт туьма ду хьуна. Тӏаккхахула хьайгара хьалхе ма йаккхийталахь.
Дукха хан йалале, ӏедало дӏалийцира Шоӏип, Маккхал, ӏела, кхин масех а. Ши йуьртахо лаьцча, дех а, вешех а шеквелира Овхьад. Хӏетахь, Асхьада шена гучуйаьлла къайле йийцинчул тӏаьхьа, да Ведана вахар а, дукха хан йалале, Маккхал а, ӏела а лацар а, цул тӏаьхьа дай, ваший цхьана хӏуманах вогуш хилар а тосаделла Овхьад тийшира йуьртахой лацарна бехке и шиъ хиларх.
Цхьана буьйсанна, шаьш кхоъ цхьа висча, кхин дӏаса а ца хьийзош, цо цаьршинна йуьхьадуьхьал туьйхира шен садуург:
– Дада, и Маккхаллий, Іелий лацийти-кх ахь?
ХІетта ламаз дина ваьлла, суьлхьанаш хьийзош хиъна ӏен Хортӏа, меллаша корта а айъина, кӏанте хьаьжира.
– Хьан боху иза?
– Суна хаьа-кх.
– Хаахь, хьайн мотт сацабе.
– Ас сайниг-м сацабора, шуьшинга шайниш совцалахьара.
– Охашимма тхаьш жоп лур ду тхаьшшинчех.
– Жоп дала сан а дезар ду. Вайх цхьаннах баьллачу бехкан эхь доьзална а, цӏенна а тӏе ма догӏу.
– Оха хӏун эхь дина?
– Кхин хӏун дан воллура шуьшиъ?!
– Со паччахьан йалхо ву. Цунна дуьхьалверг новкъараваккхар декхар ду сан. ТІе, дино а боху, ӏедална муьтӏахь хила.
– Хьан паччахь халкъан мостагӏ ву, дада, ткъа мостагІчунна гӏодийриг йамартхо ву!
Мичара дели ца хууш, деана, лерга потт хӏоттош, кхеттачу тӏарано маьнги тӏе аркъалвахийтира Овхьад. Цунах тоам ца хилла, неӏаре хьаьдда, гӏуй кара а лаьцна, тӏеволавелла Асхьад сацийра дас тоьхначу маьхьаро.
– Совца!
Оьгӏазвахана, ши бӏаьрг цӏийбелла,