лахара балда а оллийна, багах чопаш тесна тӏевогӏучу Асхьада, саца а сецна, шен карара гӏуй йуханехьа неӏаран соне кхоьссира. Хӏумма а ца хилча санна шек дӏа а воцуш, балдашца шабарш деш, ша виссинчуьра суьлхьанаш долийра дас.
Хиллачух цецваьлла Овхьад вехха ӏийра дӏакхетта, цкъа веше, тӏаккха дега хьожуш. ТІаккха, хьала а гӏеттина, йогучу беснех куьг хьаькхира цо. Бакъо йацара воккхахволчу вешина дуьхьало йан.
Цул тӏаьхьа вовшашка вистхилар кӏезиг хуьлура оцу кхааннен. Бистхилахь а, вовшийн бӏаьра ца хьовсура…
Ткъа хӏинца Нохчмахкахь гӏаттам болабалар а, коьртачу бартахошна йукъахь шен кӏант хилар а шена ма-хиъинехь, сихонца шен туьканара баккхал гӏудалкхаш тӏе а йоьттина, ахчий, массо мехала хӏумий шеца схьа а эцна, Асхьадца цхьаьна Гезлойн-гӏопе охьатаьӏира Хортӏа.
Гезлойн-гӏопан массо кибарчиг а, дотӏана а девза Асхьад, шен ворхӏе ден баьрче кхаьчча санна, паргӏатвелира кхузахь. Гӏопан гарнизонан начальнико, капитано Чекуновс, йуьхьанца оьгӏазе моханаш йира бевдда баьхкинчарна, «кӏиллош», «зударий» а бехира царна, амма, ша дукха генавалале, саметтавеана, къамел кхечу агӏор хьовзийра цо. Кхузарчу нахах волчу стагаца, иза шена мел жерга хетахь а, кӏеда-мерза хила веза киртиг йара тӏехӏоьттинарг.
– ГІудалкхаш тӏехь йерг хӏун йу шун? – хаьттира цо, ма-хуьллу собаре хила гӏерташ.
– Туьканара товар, кхин цхьацца мехала хӏуманаш а йу, хьан оьздалла.
Чекуновс стоьла тӏе пӀелгаш туьйхира.
– Хӏета, кхеравелла ведда-кх господин йуьртда? – цавешаш, муцІар а саттийна, Хортӏе хьаьжира иза. – Оха хӏун до хаъалц, сатоха майралла а ца тоьи хьан?
Коьртара боьмаша холхазан куй схьа а баьккхина, хьаьжа тӏехула чоин пхьош хьаькхира Хортӏас:
– Цхьаннан майраллица сацалур дац хьерадевлла адамаш. Герз карахь гӏеттина массо боьрша стаг. Хӏинцале масех йуьртара йуьртдай, лецна, байъина бохуш, хабарш а ду. Цара со вийча, нисдала хӏума ма дацара.
«Дера, галдала хӏума а ма дацара, – дагахь элира капитано. – Нохчашна йукъара цхьа йамартхо дӏавер вара-кх».
– Хӏинца хӏун дан ойла йу хьан ?
– Хьан оьздалло ле бахахь, вала а кийча ву сой, сан кӏанттий!
Чекуновс, гӏантахь аркъал сетташ, куьйгаш дӏаса а