гӏоттур ву. Цул сов, шайн берриг ницкъ тӏе а теттина, хьо схьалаца а гӏоьртур бу уьш…»
Цхьана агӏор, бакълоьра Нурид: областан начальник коьртехь волу отряд йохайахь, гӏуллакх чолхе дер ма дара. Цуьнан карахь хила ма йеза куьйгаллин архаш, цуьнан коьрто вовшахтоха ма деза гӏаттам хьашаран гӏуллакх. Ши отряд хӏаллакьхилахь а, кхузахь Грознехь волуш, цуьнан аьтто хир ма бу гӏала ларйан ницкъ вовшахтоха, областера дисина эскарийн дакъош тӏеоза.
Нуридан кехато и сацам тӏеэцийтина Александр Павлович, шен штабан начальник Мылов ӏумхан-Юьртан отрядца Майртуьпа а хьажийна, гӏала вирзинера. Хӏинца иза шеквара эло Врейскийс кхиийначу оцу дегӏастанхочун догцӏеналлех. Областан начальник йуьстах а ваьккхина, шен лаамехь виса, толаман хастам шенна бита ойла хилла-те цуьнан бохуш, шеквара Свистунов.
«Хастам шена а буьтуш, толам баккхахьара цо», – доккха са а даьккхина, охьавижира иза.
Нохчийчохь болабелла гӏаттам оьрсийн-туркойн тӏамах уггар жоьпаллечех цхьа дакъа лоручу правительствос кхуза ваийтинера Кавказан эскарийн коьртачу штабан начальникан гӏоьнча, инарла-адъютант эла Святополк-Мирский.
Селхана сарралц кхузара гӏуллакхаш теллина, Кавказан наместникан, сийлахь-воккхачу элан Михаил Николаевичан цӏарах цо сацамболлуш тӏедиллира, Нохчийчуьра гӏаттам кху масех дийнахь, хьаший, дӏабаккха аьлла.
Ӏуьйранна иза новкъа а ваьккхина, йухавирзина Александр Павлович, шен гӏоьнча инарла-майор Смекалов а кхайкхина, кхеташо йан охьахиира.
Шина инарлин дог-ойла самукъане йацара тахана а. Эло Святополк-Мирскийс схьахаийтира областан начальствон куьйгаллина Михаил Николаевич резацахилар. ХІокхара областехь хьокъала доллу куьйгалла латтийнехьара, болабалале гӏаттам сацо а, ткъа хӏорш жимма а жигара хиллехь, иза йуьххьехь хьаьшна дӏабаккха а кхузахь таронаш гора Тифлисехь.
Шен амалшца собаре а, жимма дерг тардолуьйтуш а волу эла Святополк-Мирский собарх ваьккхинера Нохчийчохь хӏоьттина хьал хӏокху шинна хӏинца а ма-дарра хууш цахиларо.
Баккъалла а, Майртуьпахь хиллачу тӏеман жамІаш ца хаьара Владикавказехь шолгӏачу дийнахь а.
– Хаац-кх, сел луьрачу таӏзарна