Далла хьалха со стенна бехке хилла, – кӏедачу гӏанта везза охьа а хиъна, шиний куьга корта лецира Александр Павловича. – Нуридна тӏе ма диллинера ас, сайца хаддаза зӏе латтайе аьлла. Эло Эристовс а тешийнера нохчашна йуккъехь шен разведка чӏогӏа болх беш хиларх. Цуьнгара а, вукхуьнгара а цхьа а тайпа хаам бац. Белла-х бац хирий уьш!
Графин схьаэцна, стака дуьззина доьттина хи сутара дӏа а мелла, цкъа балдех, тӏаккха хьаж тӏе йовлакх хьаькхира цо. Алексей Михайловична чӏогӏа лаьара шен шефана маслаӏат дан. Амма кхузахь дешнаш эрна хир дара.
Инарла Свистунов, ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, цкъа-шозза чухула дӏаса а волавелла, корехь сецира. Хӏетта маргӏал тесначу акхтарган гаьннаш тӏехь самукъадаьлла «чӏир-чӏир» дора цхьа арданг хьозарчаша. Дехьо, чуьйнан дехачу гӏанта уллохь, ловзуш доллура жима йоӏ а, кӏант а. Инарлин бӏаьргаш малхбалехьа дӏахьаьвсира. Амма и агӏо бодане а, къайлене а хийтира цунна. Селхана делккъехь иза Грознера схьаволуш а хезара цигара схьа герзийн татанаш. Делккъалц ӏийра иза, отрядера хаам кхачаре догдохуш. Хӏун хилла-те цигахь? Отряд йохийна-те? Йа гонна йуккъехь йисина-те? Неӏалт хуьлда оцу аварцана! Шен кураллица цо дохий дерриг а. Кура хила йиш йу кхуьнан, сагӏадоьхурган кӏеза!
– Суна хетарехь, вай тӏех тешам ло кхузарчу туземцашна, – хезира Александр Павловична шен гӏоьнчин дера аз. – Вай четахь дохдийраш лаьхьарчий ма ду. Аьтто баьллачу минотехь, церг йоьллина, дӏовш тоха кийчча хьаьрчина ӏаш.
Шен ойланех йукъахваьккхина Александр Павлович, веана, гӏанта везза охьахиира, гӏовлаш тӏе куьйгаш дохкуш.
– Дала хӏаллакбойла уьш! Царах даккхийдеш лела ткъа вай? Мел ца лаахь а, царах цхьаберш хьеста а, бузо а деза. И ца дича, царна тӏехь олалла латталур дац вайга. Цаьрга шайга вовшийн къамкъаргаш ца ӏийдийтича. Царах цхьаболчарна вай ло чин, совгӏат а жӏаьлешна йукъа тосу даьӏахк йу. Цхьадерш ца дустийча, ца дардича, цара шайн хӏух долу важа дисинарш этӏор ма дац. Ткъа вайна оцу жӏаьлийн арданга йукъара ваьшна муьтӏахь дерш, ваьш хӏуьск ма-эллинехь, тӏедетталур дерш, доцца аьлча, сутарниш, стешханиш къесто хаа деза.
Хӏара шиъ гӏуллакхаш дийцаре дан а