волавалале, каралаьцна пакет а долуш чоьхьавелира сотник Габаев. Ши кӏажа вовшахтухуш, гиччошна тӏе куьг лаьцна, вулавелла дӏа а хӏоьттина, цо рапорт делира, полковнекера Нуридера хаам бу аьлла…
Сотник шена тӏекхаччалц са а ца тохаделла, хьалаиккхинчу Свистуновс цуьнгара маса схьаийцира шина дийнахь ша сатийсина кехат. Цхьана кога тӏехь хьаьвзина, эткаш цӏийзош, аравелира сотник.
Охьахуъушшехь, бӏаьргех дашо хӏазарш долу куьзганаш а доьхкина, конверт йатӏош схьа а йиллина, кехата тӏехула сутара бӏаьргаш кхарстийра Свистуновс.
– ХІ-м… Со ца кхеташ хӏума ду-кх хІокхо дуьйцург, – хьаьжа йукъ хабийра цо. – Ладогӏахьа, Алексей Михайлович, хӏара стаг лартӏехь вац-кх: «22 апрелехь Майртуьпахь тӏом хилла. Даккхий зенаш хилла, мятежникаш Жугӏурта йухабевлла, амма, кегийрачу тобанашца хаддаза тӏелетарш деш, цара сийсара сахиллалц садаӏа ца йитина, Курчалойн-Эвлан йистехь туп тоьхна, сецна тхан отряд. Суна моьттинчул йоккха йу мятежникийн тоба. Кхузарчу дуккха а йартийн ойланаш цаьргахьа хьаьвзина. Отрядна тоъал къаьркъа дац. Догӏано тӏадийна, лашкабаьхна салтий, шеллуш, хоршош йаьхкина Іа. Царна ницкъ бала къаьркъа оьшу. Мятежникийн 250 стаг а, дуккха а говраш а йайъина. Сан отрядехь висинарг эзар стаг бен вац. Оьшучуьнца цхьана а тайпа кхачо йоцуш йисинчу хӏокху гӏорасизчу отрядца кхераме ду гӏеттинчу Нохчийчоьнан йукъаметтехь кхидӏа сеца. Хулхулон чӏож дӏалаьцна, Шелахьа богӏуш бу мятежникаш. Тховса Гермчигана уллохь буьйса йаккха ойла йу сан, амма йа Бердакӏел, йа Устаргӏарда йухавала а мега. Шайн Делан дуьхьа, сихонца гӏоьналлина отряд а, обоз йаййан ворданаш а йахкийта…»
– Хӏун ду хӏокхо дуьйцург? – кехат стоьла тӏе а кхоьссина, бӏаьргара куьзганаш дӏа а даьхна, Смекаловна тӏевогӏавелира Свистунов. – Доккха зен а хуьлуш, лам чу йухабевлла хилча, буса сахиллалц уьш отрядна тӏе а муха лета? Яьсса ворданаш йахкийта а хӏунда боху?
Смекаловс, ца кхеташ, корта хьовзийра.
– Хьанна хаьа, байъинарш а, чевнаш хилларш а схьабало йеза хир йу цунна уьш. Нагахь кхоччуш ца йохийнехь а, дуккха а зенаш хуьлуш йухайаьллачух тера ду отряд.
– Суна хетарехь, Алексей Михайлович, Нуридна