Правительствос шена гӏорторашна доьшуьйтуш ӏамийна дукхахболу туземцаш а вайн революционерашна, демократашна тӏаьхьабоьлху. Доцца аьлча, Яков Степанович, баккъал а вайн халкъо цивилизаци йаржайо Россин йистошка. Бӏешерийн бодашкахь доллу туземни къаьмнаш серлонга доху. Цунах воккхаве со, дозалла а до ас.
– Амма, къаьмнийн барт… Иза хила буьтур ма бац ӏедало…, – аладелира соьга.
– Ткъа хьо а, со а, кхин эзарнаш оьрсийн халкъан бакъ кӏентий, – вай стенан дуьхьа деха? Вай а ма боху: массарна – латта, маршо, нийсо!
– Аларх гӏуллакх хуьлий ткъа? Масане велла, вийна, маршонехьа къуьйсуш…
– Яков Степанович, стенна оьшу пессимизм? Дага ца догӏу хьуна нийсса ах бӏе шо хьалха Александр Сергеевича Сибиран каторгехь бохкучу декабристашка йаздина могӏанаш?..
Кхочур йу сатуьйсу зама.
Оьгур йу и йеза гӏоьмаш,
Херцар йу набахтеш – маршоно неӏарехь
Самукъане тӏеоьцуш, шуьга
Вежарша дӏалур йу гӏама…
Айса, муха доьшу а ца хууш, Одоевскийн жоп дийшира ас а:
Буржалех дийр ду вай тарраш.
Йуха а латор йу маршонан цӏе,
Цуьнца тӏелетар ду паччахьех,
Халкъаша доӏур ду маьрша са…
– Хӏай-хӏай! – сан белша тӏе куьг туьйхира Василий Ивановича. – Тидамбой ахь?
ТІаккха вайн серлонан халкъ
Гуллур ду сийлахьчу байракх кІел…
Хӏун боху поэто? Оьрсийн халкъ эххар а гӏоттур ду нажжаз хиллачу паччахьашна, церан дахкаделлачу ӏедална дуьхьал! Амма иза шен цхьаннан маршонан дуьхьа гӏоттур дац! Маршонехьа, нийсонехьа, ирсехьа болчу оцу сийлахьчу къийсамехь иза ша цхьаъ хир дац! Россерчу дерриг къаьмнашна коьртехь гӏоттур ду иза. Шен а, церан а йукъарчу маршонан дуьхьа. Толам баьккхича:
«Халкъаша доӏур ду маьрша са»…
Гой хьуна, цхьана халкъо, ца боху поэто, ткъа дерриг а халкъаша, боху! Кхин хӏун эр ду хьоьга? Вайн халкъ а, важа дисина халкъаш а дац хӏинца ах бӏе шо хьалхалерниш. Уьш кхиъна кхетамций, хьекъалций. Халкъо дӏайаккхийтина шена тӏера эхье крепостной бакъо. Хийцамаш байтина пачхьалкхан а, йукъараллин а гӏуллакхашна тӏехь. Маршонехьа къийсам керлачу тӏегӏан тӏе баьлла Россехь. Революционерийн керла чкъор бӏаьрзе дац, церан карахь революцин ӏилманан къилба ду. Нагахь декабристаш шайн къийсамехь