цхьа хиллехь, тахана революционерийн йоккха гӏортор йу халкъана йукъахь. Кху тӏаьххьарчу шерашкахь классови керла ницкъ кхоллабелла Россехь – гӏалин белхалой. Гур ду хьуна, цара кестта паччахьан ӏедалан йахкайелла гӏишло ластош. Воха ма вохахьа:
Сан доттагӏ, даймахкана лур вай
Вайн дегнийн сийлахь сатийсам!
Накъост, хьо тешалахь: кхетар бу
Вайн ирсан исбаьхьа седа,
Россия набарха йер йу,
Паччахьийн доьхначу ӏедалан гаьргаш тӏехь
Вайн цӏераш йазйийр йу тӏаккха!
1877-чу шеран 15-гӏа май
Тахана цхьа тамашийна цхьаьнакхетар хилла сан. Хӏокху Грознехь хьехархочун болх беш ву университетехьлера сан шира доттагӏ Евгений Иванович Евстигнеев. Тхойшиннан цамгаран цхьа цӏе йу – демократи. Амма охашимма и цамгар цхьатера ца токху. Со тера хета суна цхьа тийна-хьеречу стагах, ткъа хӏара сайн доттагӏ – карзахечух. Ойла ца йеш, даррехь хьалхагӏерташ, и шен цамгар массаьрга а кхачо гӏерта иза. Казанерчу университетера аракхоьссина иза, хӏокху провинциальни гӏала воьжна. Мел ша ӏедалан чӏогӏачу тергамна кӏел валлахь а, кхузахь а ца ӏа иза шениг дитина.
Тахана иза волчу вахча, цуьнан хӏусамехь карийра суна ши жима стаг – оьрси а, нохчо а. Ах сахьт далале хиира суна оцу кхааннен ойланаш цхьаьнайогӏий. Тӏе, хӏокху сан доттагІчуьнца цхьана ойланехь ца хилча, оцу хӏусаме лесталур ма вацара и шиъ.
Со чукхаьчча, сецира оцу кхааннен къовсаме къамел. Амма сан доттагІчо цаьрга хаийтира со тешаме стаг хилар. ТІаккха тхо вовшийн довзийтира цо.
– Доттагӏий, везаш а, лоьруш а тӏеэцал сан университетски доттагӏ Абросимов Яков Степанович! – элира цо хьурмате. – Хӏара, Яков Степанович, сан лулахо а, бартахо а Максимов Петр Данилович ву, ша юрист а волуш. Ткъа хӏара къона нохчо тхан йукъара доттагӏ Овхьад ву.
Со чуваьлча, хьалагӏеттина, ирахь лаьттачу элдара дегӏахь, ӏаьржачу аматахь, йуткъа йуьхь-марш йолчу къоначу нохчочо байн корта таӏийра.
Тхо охьахевшича, Россерчу революционни а, ахархойн а боламах лаьцна соьга хеттарш дан вуьйлира Евгений Иванович. Амма цунах лаьцна суна кӏезиг хаьийла хиъча, къамел хийцира цо.
– Хьоьца тӏаьхьа паргӏатехь дуьйцур ас, Яков Степанович. Овхьад вайн веза хьаша ву.