Ламанхойн гӏиллакхашна тӏедоьгІча, хьалхара а, коьрта а тидам хьешана тӏехь хила беза. Тӏаккха, хьомсара Овхьад, хӏокху карзахечу хенахь хьо мича гӏуллакхо валийна гӏала?
Къоначу нохчочо доцца, амма дерригенах а кхетош, дийцира Нохчийчохь хӏоьттинчу хьолах а, гӏовттамхойн кхиамех а, галдевллачу гӏуллакхех а лаьцна, ТІаккха хаийтира ша ӏаьлбаган уггар гергарчу гӏоьнчех цхьаъ хилар а, гӏалахь гӏо лаха аьлла, тӏедиллина, цо ша схьахьажор а.
– Тхоьга муха гӏо далур дара шуна? – хаьттира Евгений Ивановича.
– Іазапехь баллочу нохчийн а, кху махкарчу оьрсийн къехойн а кхоллам цхьаъ бу. Тхан а, церан а йукъарчу мостагІчунна – паччахьан ӏедална – дуьхьал къийсамехь шен байракх кӏел кхойкху уьш имамо.
Шен ӏалашонан гӏуллакх тӏе ваьллачу сан доттагІчун ши бӏаьрг серлабелира.
– ӏаламат дика веана! Оха, социалисташа-народникаша, даггара къобалбо шун гӏаттам. Дашца а, гӏуллакхца а цунна гӏо дан кийча а ду тхо. Бакъду, тхан организаци хӏинца цкъа жимо йу, ворхӏ стаг бен вац. Халахета гӏалахь белхалой кӏезиг хилар, ткъа интеллигенци доьналла долуш а йац. Эскарехь боккха болх болийна оха. Тхоьца ойланаш йогӏурш дуккха а бу салташна йукъахь. Йоккха, нуьцкъала организаци хир йу тхан кестта. Амма тахана а тхо кийча ду самодержавина дуьхьал муьлххачу а гӏаттаман дакъалаца. Цундела, сан къона доттагӏ, тхо дерриг а гӏевттинчу нохчашца цхьаьна хилар майрра имаме дӏахоуьйтур ду-кх ахь…
Къамелна хьаьсарта вахана сан доттагӏ сацийра Максимовс.
– Ахь делларг ойла ца йеш делла жоп ду, Евгений Иванович, – элира цо. – Овхьада вайна тӏе доккха, жоьпаллин гӏуллакх деана. Баха йа бала чӏагӏо йиначу наха схьахьажийна иза. Вай, цхьа тӏелацам а бина, дош делла, хӏара дӏавахийтича, и дош вайга кхочуш ца даделча, цкъа-делахь, гӏовттамхошна зулам дер ду, шолгӏа-делахь, нохчийн гуттаренна а вайх тешам а бовр бу.
– Вай-м вешан дош кхочушдийр ду! Кхочуш ца дадала, хала хӏумма а дац кхузахь-м. Тховссехь вай прокламацеш йазйийр йу, гӏалахой гӏевттинчу нохчашна гӏоьнна кхойкхуш. Дависарг, тиша хилла а, типографски станок йелара! Хӏумма а дац, вай веаммо, охьа а хевшина, сихха куьйга йазйер уьш. Ас дуьххьалдӏа олу хьоьга,