Абросимов воккхавера церан и хьекъал кхачарх. Иза тешна вара, бахархоша дуьхьало ца йича, отрядо церан йуьртана зулам дийриг цахиларх. Амма отрядан тӏаьхье йуьртах чекх ма-йеллинехь, масех цӏа дага дуьйлира. Оцу гӏуллакхо дарбира хьуьн чу левчкъина бахархой. Йуьртахь массанхьа а болуш кӏур гича, цара тоьпаш туьйхира колоннина хьалха йоьдучу соьлжахойн сотнина. Нохчаша говрашна тоьпаш ца тухий хуу есаул Афанасьев, шен сотня гӏаш а йаьккхина, говрашна йуккъе хӏоттийна, хьалха дӏайига гӏоьртира. Амма басара схьай, дитташна тӏера охьий йеттачу бахархоша зенаш дан долийра сотнина. Иттех минот а йалале, шиъ вийра, маситтана чевнаш йира. Сотнин ирсана, сихха тӏекхаьчначу иччархойн шина рото, йаьржина хьуьнах а йоьлла, дӏасабаржийра бахархой.
Кийра эккхийта санна, детталора ӏумаран дог. Иза дӏатедан гӏерташ, говра хуий, цкъа йуьртахула го тосуш, тӏаккха, воьдий, йуьрта богӏучу шина некъа тӏехь чІагӏбеллачу кегийрхойн дог-ойла айъа гӏерташ, хьаьдда лелара иза. Амма дагна гатбеллера кийра. Ӏожаллех кхерар а дацара иза. Йа кӏиллолла а дацара. Хӏара Симсара, дукхахдерг, гатийуьртахойх а тешийна йитинера Іаьлбага. Ткъа хӏорш ах бӏе стаг бен вац. Кхерам гергабуйла хиъча, ӏуьйранна араваьллачу Акхтас а, ӏумара а Симсарахь герз каралаца ницкъ берг массо а дӏахӏоттийра йурт ларйан. Уьш а ма бара кӏезиг. Ткъа дукхахболу нах ӏаьлбагца Салатаве баханера. Ӏаьлбаган ден Олдаман а, вешин Султӏин а гӏоьнца хӏокху шиммо дІахІоттийнарг кхузткъех стаг бен вац. Уьш а – дукхахберш къена нах а, хӏинца а маж-мекх далаза кхиазхой а.
Симсаран малхбузен йистехь лекхачу берда тӏе а хӏоьттина, дуьххьал регӏан баса хьоьжура ӏумар а, Султӏи а. Цаьршинна уггар хьалха гира Гӏелаш-Коьртехь боккха бӏо соцуш а, иза, жимма цигахь а лаьттина, дӏасаболалуш а.
– Хьажахьа, хьажахьа, ӏумар! – Чеччалхе пӀелг хьажийра тӏевеанчу Марвана.
Ӏумарна гира беха могӏа бина Чеччалхе богӏу салтий.
– Схьабогӏуш бу-кх уьш! – мохь белира Султӏин.
– Же, Акхте хаамбе!
Урамашкахула ца воьдуш, керташна тӏехула лелхаш, йуьртан вукху йисте дӏахьаьдира Марван. Ӏумара тергалбора салтий. Чеччалхе чу а боьлла, цигахь ца совцуш, охьабогӏура уьш.