Дукха хан йаллале схьакхаьчна Акхта, говра тӏера охьа а ца вуссуш, хьаьжа тӏе куьг а лаьцна, дехьа регӏа хьежа хӏоьттира.
– Зандакъара охьа гучубевлла! – йуха а мохь белира Султӏин.
– Хьалха богӏуш дошлой бу!
– ДІога тӏаьхьайалош йаккхий тоьпаш а го.
– Шиний агӏор тӏебогӏу!
Шина кӏанта дуьйцург ца хезаш санна, паргӏат дӏахьоьжуш ӏийна, Акхта меллаша схьавирзира.
– Вайна тӏедогӏуш доккха эскар ду, – элира цо. – Диламехьа доьдуш хила а мега иза. Нагахь иза цига гӏахь, хьаннашкахь цунна тӏелата дезар ду вайн. Цхьадерг мукъане кхузахь сацо. Вай и ца дахь, вон хир ду ӏаьлбаган гӏуллакх. Ткъа и эскар дерриг схьадагӏахь, цо, хьаьшна, вичІа а дохур ду вай. ХІокху агӏор йуьрта бахкалур бац уьш. Цундела берриг ницкъ аьтту агӏоне берзо беза.
Делкъан хенахь Байтарканна тӏехула массанхьа а ӏаьржа кӏур гӏеттира, тӏаккха, жимма йукъ йоьлча, хьуьна чохь тоьпаш йевлира. Цхьана эха сохьтехь бахбелла тӏом цӏеххьана сецира, амма йукъ-кара хезара салтийн берданкийн а, нохчийн тоьпийн а татанаш. Дукха хан йалале, уьдуш, охьачуьрчу тогӏех сехьавелира ткъех стаг.
– Богӏуш бу! Дена неӏалт хиларш, богӏуш бу! – маьхьарий девлира церан, йуьрта хьалабевлча. – Хьесап дина ца валлал дукха бу!
– Го тхуна, – човхийра уьш Акхтас. – Маьхьарий стенна хьоькху аш?
Дистина догӏучу хин йуьхь санна, цхьатерра буьрса гучуйелира шина отрядан йуьхь. Чеччалхера охьабогӏурш аьрру агӏор хин тогӏица хьалабаьржира, ткъа Байтаркехула схьавогӏу масех бӏе дошло йуьртана нийсса дуьхьал хин тогӏи чу дӏахӏоьттира, тІаьхьара гӏашлой хин аьтту агӏорчу тогӏица дӏасабаьржира. ТІаьхьайогӏу гӏашлойн отряд, хил сехьа ца йолуш, сецира, ткъа царна тӏаьххье схьакхаьчна ши йоккха топ, муцІарш йуьрта а хьовсош, дӏахІоттийра.
– Шиний агӏор кӏел баьхкинчарна тӏетоха вай? – хаьттира Акхте сакӏамделлачу ӏумара.
– Мегар дац, – корта ластийра вукхо. – Генахь ма бу уьш.
Дуьхьал гу тӏехь лаьттачу шина йоккхачу тоьпо цхьатерра кӏур тесира. Хьаннашца, лаьмнашца декна, генахь дӏатийра церан къора тата. Ӏумаргӏарна тӏехула, шок йетташ бахана ши хӏоъ йуьрта йуккъехь иккхира. Дарделла летачу а, кхераделла цӏийзачу а жӏаьлийн гӏовгӏанаша цӏеххьана дуьзира