доттагӏий а, бартахой а лецний, беллий. Хӏара цӏа кхачале бутт хьалха Сибрех бахийтинера Гати-Юьртара Маккхал, ӏела, Майртуьпара Муслон Шоӏип. Иза дагара дийца бӏобулуш волу бенойн Солтмурд а, зумсойн ӏумма а генахь ву. Генахь хилла ца ӏаш, къена а ву и шиъ. Цамгаро лаьцнехь а, кечбечу гӏаттаман гӏуллакхаш а, Нохчийчуьра хьелаш а дика хаьара Берсина. Наггахь Солтмурд а кхочу иза волчу, бисинчаьрца цуьнан зӏе латтайо Гати-Юьртарчу Къайсара а, Болата а. Наггахь карадогӏучу газеташца Россин арахьарчу мехкашца долу гӏуллакхаш дика доцийла а хаьа цунна. Стохка дуьйна Балканашкахь вовшашца Іоттайелла Россий а, Турций а. Туркойн феодалийн олаллина дуьхьал шайн къоман маршонехьа къийсам латтабо цигарчу халкъаша.
Каторгехь даьккхина итт шо эрна ца хилира Берсин. Цига лоьхкучу политически тутмакхаша иза ӏамийра Россехь а, дуьненахь а хуьлуш долчу гӏуллакхашка кхечу самонца хьежа.
– Бӏешерийн дохаллехь шайн маршонехьа бӏаьрзе къуьйсура Россерчу къаьмнаша, – дуьйцура цуьнга шен йерриг оьмарна ссылке ваийтинчу оьрсийн революционеро Матвеев Николай Андреевича. – И зама дӏайаьлла хӏинца. Адамаш а, халкъаш а кхетаме даьхкина. Царна хӏинца хиъна шайн мостагӏ а, доттагӏ а мила ву. Империн массо маьӏӏехь маршонехьа къийсаман цӏерш лета. Ӏедална къаьсттина а кхераме дуьхьалонча кхоллавелла гӏаланашкахь. Иза белхалойн класс йу.
Доцца аьлча, Матвеевс а, Берсас а дукха сатийсина революцин цӏе кхарста гергайара Россехь. Цо халкъаш бӏешерийн ӏазапах маьршадахаре дог а дохура Берсас. Оцу халкъийн маршонах шен халкъан маршо йозуш йуйла а хаьара цунна. Цундела лаьара Берсина гӏатта гӏертачу буьрсачу дорцалахь шен халкъо жигара дакъалоцийла…
Кхуран диттан мурдоьллачу цхьана гонах вота йетта йуьйлира хенакӏур. Иза доттагӏ йу Берсин. Йуьхьанца Берса хӏокху кхура кӏел веъча, дӏаида йуьйлира иза. ТІаккха, наггахь лаха чу бӏаьрг а тухуш, шен болх бора. Ткъа хӏинца чІагӏделла цаьршиннан гергарло.
Дехьо, гай, когаш маждина, дургал гулйеш, зезагашна тӏехула хьийзара накхармоза. Лакхарчу гаьн тӏехь, доцца илли аьлла, дӏатийра чилла а. Де довха делахь а, кхузахь хьевала воьлча, дегӏ шелдала