дуьйлира Берсин. Цкъа ойла хилира цуьнан, шен истанг дӏа а хьарчийна, цӏа ваха. Амма кхин хилча цамаггал сингаттаме дара боданечу, лохачу цӏенош чохь а. Тӏе, арахьара хабар дохьуш стаг вогӏур вац-те бохуш, цо йиллина тергалйора ӏаьрчхин тогӏи.
Эххар а цигахула гучувелира кхо бере. Хьалхарниг а, тӏаьхьарниг а говрех вевзира цунна, амма сирачу динара бере керла вара.
Боьрахь къайла а бевлла, уьш йуха а гучубовлуш, тӏаьхьара бере вацара. Схьахетарехь, иза ха дан витинера цара. Меллашчу боларехь кетӏа а веана, говраш утармех дӏа а тийсина, уьйтӏа веана ши бере, арайаьллачу хӏусамнене йоцца тӏе-каре а йина, Берса волчухьа охьавелира.
Шаьшшиъ тӏекхочуш, ша тӏаьхьа а соцуш, накъост хьалхавалийтира Къайсара.
– Хьо хьалхавалал, Іаьлбаг.
– Ассалам Іалайкум, де дика хуьлда хьан, Берса!
Хьала а гӏеттина, ӏаьлбаге куьг а делла, истанга тӏехь охьахаа цунна меттиг гайтира Берсас:
– Охьахаал, ӏаьлбаг.
– Хьо хаахьа, Берса.
– Бухахь волу со – хӏусамда, тӏевеана хьо – хьаша хуьлуьйтур вай, – велакъежира Берса. – Охьахаал.
– Хьаша со велахь а, хьо воккхаха ву.
Истанга тӏе дӏатарвелча, леррина вовшашка хьаьжира и шиъ.
– Ма дукха хан йу суна хьо ганза! – корта ластийра Іаьлбага. – Амма мел дукха сатийсинера хьоьга! Хьо дийна тхуна цӏа верзийначу Далла бу-кх хастам! Хийлазза а хьо волчу ван сацам хиллера сан. ТІаккха, Берса, могашалла муха йу хьан? ГІоли хетий?
– Вон дац. Цӏахь хӏун ду? Да-нана, вежарий могаш беца?
– Дика бу уьш-м. Сингаттам бац.
– Хьо-м воккхахилла, ӏаьлбаг. Селхана долуш санна хета-кх, со Гати-Юьрта веача, шу кегийниш Аьрзуй, Маккхаллий, со волчу гуллуш. Ма сиха йоьду-кх хан! Хьо а хена чу вахна, со а къанвелла.
– Шийтта шо кӏезиг зама йац, Берса. Зама а, адамаш а хийцаделла. Хӏетахьлерчу накъостех дикка бац: Аьрзу, Маккхал, Шоӏип, ӏела…
– Берса а, – тӏетуьйхира Берсас, вела а къежна.
– Хьо хӏунда вац? Ас дешначу Къуръанора, ву-кх! Цамгаро гӏел-м вина хьо, шеко йоцуш. Амма хьан хьекъаллий, къонахаллий йолуш шолгӏаниг вайна йукъахь хьалха а вацара, хӏинца ванне а вац. Коьртаниг – хьо тхоьца хилар ма ду. Хӏинца муха йу хьан могашалла? – шозлагӏа а хаьттира Іаьлбага.
– ТІаьхь-тӏаьхьа толуш санна хета.