– Сибрех вочу нисвеллера хьо?
– Хӏаъ, даш доккхучу.
Ӏаьлбагна ца лаьара Берсин цамгар хьехо. И ша дина масех хаттар а дира цо гӏиллакхна.
– ДІатовжий ӏехьа, Берса. Хийла къонах дӏахуьйди оцу неӏалт хиллачу Сибрехо. Цкъа хьалхадевриг хир ду-кх вай кху балех.
Іаьлбаг Макка вахарх лаьцна масех хаттар а дина, цо схьадеанчу гӏуллакх тӏе велира Берса.
– ӏаьлбаг, Сибрехара цӏа веачхьана, меттахь ӏиллар алсам хуьлу сан. Дегӏо жимма а аьлларг дечу дийнахь дехьа-сехьа йуьрта воьдуш меттиг а йо. Хьо воккхахилчхьана, суна вевзина вац хьо, амма Дуин ӏуммас а, Солумгерин Солтмурда а вийцина. Хьо Нохчийчоьнан имам кхайкхо ойла йу церан.
Ӏаьлбаг, цецваьлла, тӏевогӏавелира цунна.
– Со муха хоржу имам? Сол майра а, хьекъале а, доьналла долуш а нах дуккха а бу. Тӏе, жима а ву со. Иза-м дуьйцуш а беламе ма ду!
Берсас, куьг хьала а лаьцна, сацийра иза.
– Баьччанийн кхеташонан сацамна муьтӏахь хила а, и кхочушбан а Къуръан тӏехь дуй биъна вай массара а. Амма диване ховшу вайн баьччанаш ӏехалуш, гӏалатбовлуш меттиг а нисло. Уьш лахбан а, хьох шекволуш а дац ас долийнарг. Таханлерчу денна кечамбеш, ткъех шо хан а, сайн могашалла а дӏайелла ас. Ткъа дуккха а нах шайн кортойх а бевлла. Хӏара хӏинца хинболу гӏаттам тхо цхьадолчийн бер ду, оха кхоьллина. Нанас бер санна, иза кхио, ӏалашдан гӏерташ, набарза хийла буьйсанаш йойъуш, гена некъаш деш, мацалла а, хьогалла а хьоьгуш. Хӏинца и тхешан бер, кхиъна, нахана йукъадолучу даьлча, и хьенан кара доьду хаа лаарх, суна бехк ма биллалахь, Іаьлбаг.
– Берса, хьан багах даьлла хӏор а дош суна дешин новкъа ду. Амма, ӏумма-Хьаьжин, Солтмурдан барт хиларх, сох имам хир вац. Халкъо харжа веза шен баьчча.
Берсас, гӏовталан кисанара схьадаьккхина кисин кӏайн йовлакх бете лаьцна, йекъа йовхарш туьйхира.
– Уьстамалахь туркойн паччахьан гонахарчу нахаций, Алхазан Мусиций, Іуспанан Сайдуллиций, Шемалан ГІеза-Махьмиций хьан барт хилла, ца боху?
– Бакъ дац-кх иза. Цаьрца цхьаьнакхеттарш ӏумма-Хьаьжа а, дегӏастанхой а бу. Паччахьан ӏедал вайна бӏаьрга дан ца дезийла, иза дӏакхосса цхьана аьттоне вай ладегӏар шал шера хаьа цигахь. Тӏаккха ӏумма-Хьаьжас дийцира суна, туркойн, оьрсийн