бераш а. Селхана йуьрта а лилхина, амалтана нах бигна. Хаси-Юьртан гӏопехь чубоьхкина бу, боху, уьш. Чугӏой вайша?
– ӏойла дац. Хьо цӏахь хӏунда ву?
– Ахьар дахьа веанера со… Оха ма сагатдора, Коьжалкан-Дукъахь тӏом хезаш. Наний, Эсеттий йисина а йац гӏелйелла. Хӏинца а эшна шу?
– Хӏаъ.
– Хӏинца хӏун дийр ду?
– Летар ду-кх…
Вешин куьг схьа а лаьцна, буйна къевлира Іусмана.
– Мохьмад мичахь ву?
– Дукъахь. Деши а йу тхоьца. Хьан накъостех хӏун хилла? Вайчех цхьа а вийний?
– Виъ вийна: Сату, Хиду, Ловда, Элбарт. Мичахь ду хьан ахьар? ДІавоьду вайша.
Ахьарх дуьзна таьлсаш дохьуш ӏусман йухавеача, говр ара а озийна, зӏар дӏакъевлира ӏумара.
– Хьо цӏа хӏунда веана? – хаьттира ӏусмана, шаьшшиъ эвлал араваьлча.
– Байъинарш цӏа бохьуш даьхкина тхо. Васал мичахь ву?
– Дукъахь. Салташа шуна дуьхьал тӏаме вигнера Васал а, МІаьчиг а. Бевдда цӏа баьхкина.
– Кхин хӏун ду керла?
– Вайн цӏен сту бигна…
Ӏумаран дегӏе зуз хьаьдира.
– Хьан?
– Хьан буьгур бара и? Салташа. Йуьртана гӏуда тоьхнера. Бӏе туьма ахчий, итт бежаний. Амалтана пхийтта стаг а вигна.
Ӏумар дӏатийра. Оьгӏазлонан цӏе гӏеттира кийрахь. Цхьа болчу цхьана атто йина ши старгӏа кхиийнера цаьршимма жима йолуш дуьйна. Нах туй тосий бен бӏаьра а ца хьовсуш, боккха хаза ши сту хиллера цаьршиннах. Кхоалгӏа шо дара уьш ворданна а, готанна а дужу. Хӏинца дӏадели иза а…
Хӏара шиъ цхьана говра а хиъна регӏа тӏе хьалаваьлча, садаьржира. Хьаннашкахь нилхо шакарш, эшарш йолийра олхазарша. Аьхке йелахь а, шийло йара Іуьйре. Хьалхахьа, хӏолламийн кешнаш долчохь, лаьттара адамаш, говраш, ворданаш.
– Хьо кхузахь саца, со тӏевогӏу хьуна, – элира ӏумара говр а сацийна, жимахволу ваша декъашна тӏевига а ца лиъна.
– Хьо дукха-м ца ӏа?
– Къайсаре вист а хилла, схьавогӏу.
Йуьстахлаьттачу ворданна уллошхула тӏехволуш, царна тӏехь вертанаш кӏел Іохкучу декъийн когаш гира ӏумарна. Лакхеш дӏахьулйинера тӏетесначу вертанаша. Йуьйцинчу кертах тевжина лаьтта Къайсар, куьг ластийна, шена тӏевийхира цо.
– Хӏун ду йуьртахь? – хаьттира Къайсара, ша тӏекхоччушехь.
– Салтий бац. Асхьад коьртехь масех милцо ву, боху.
Къайсара хӏумма а ца элира. Ӏумар, цхьаъ-м ала ца хӏуттуш, нуьйрахь