меттахъхьайра.
– Хьуна хӏун лаьара?
– Нанагӏар бу, боху, дукъахь. Со цига ваха мегий?
Къайсара корта таӏийра.
– ДІагӏо. Ас хьайга кхайккхалц, йуха а ма гӏерта.
Ӏаьрчхин кӏоргачу боьра чу а воьссина, дехьа агӏон тӏе хьалаваьлла ши ваша, масех ирзо а, боьлак[17] а хадийна, Шал-Дукъан хьаннашка ваьлча, регӏа тӏехула малх гӏеттира. Амма цуьнан зӏаьнарш ца кхочура попан хьаннаш йуккъе, ши-кхо де хьалха дилхинчу догӏано тӏадийначу хьаннийн кӏелош хӏинца а йакъайалаза йара. Ӏуьйранна самадаьлла ӏалам жигара болх бан доладелира. Гергахь адам хааделла акхарой йуьстахъуьдура, дайн татанаш а деш. Наггахь таллархо воцург, аддам а ца кхочура кхуза. Ца гора цхьаннахьа а дагаран лар а. Амма къанделла хирцина зоьртала пепнаш Іохкура массанхьа а.
Йуьхьанца ворданан готтачу, тӏаккха гӏашлойн новкъа дӏавахана ӏумар а, ӏусман а, кӏоргачу ӏин чу а воьссина, хинна дуьхьал хьалаволавелира.
Ӏинан ши берд тӏеттӏабеана гатйеллачу меттигна тӏекхочуш, говр а сацайайтина, бага ши пӀелг боьллина, шок туьйхира Іусмана. Цуьнан цӏогӏа хьуьна чохь дайна а далале, ишттачу шакаран жоп деара дуьхьал.
– Мохьмад ву иза, – элира Іусмана.
Берд готтачохь дуьхь-дуьхьал гӏоьртина тхов бина кхозучу гаьннашна кӏелхьахула дӏахьаьжча, масех тоьла гира Іумарна. Царах цхьанна хьалха хӏетта латийначу цӏеран кӏур бара нийсса ирх оьхуш.
– Ва-а, ӏуми вогӏу, Іуми вогӏу! – воккхаверан мохь белира лакха тӏехь хьуьна чохь.
Бердан басахула лелхаш, хехкалуш чувоьссина, ведда тӏевеана Мохьмад, говрахь волчу ӏумаран настарх хьаьрчира.
Мохьмадан мохь хезча, тоьланаш чуьрий, хьуьна чуьрий схьа маьӏ-маьӏӏера гучудуьйлура адамаш. ЦІера уллохь, схьанехьа букъ берзийна, кхача кечбеш хиъна Іен зуда, хьала а гӏеттина, схьахьаьжна, чурт санна, йогӏайелла сецира.
Ӏумар, говрара а воьссина, тӏеволавелча, берзинчу когашца тӏулгаш тӏехула, хи чухула хьаьдда дуьхьалйеара Эсет а, Деши а.
Цхьацца агӏор тӏекхетта, барташ дохуш, хьистина, цхьацца агӏор йаьлла, пхьаьрсаш лаьцна, кӏант Айзина тӏевигира цаьршимма.
Текхахь хьакхош болу мижарг ӏадда а битина, мижаргех дуьзначу куьйгех бина ши буй чӏениг кӏел таӀийна, цергашца корталин тӏам а