– Халкъана тӏе бохам беача, бевза къонахий.
Хӏара шиъ керта кхочуш дуьхьалвеана Болат Берсина мараиккхира.
– Шелахь хиллий хьо кесталгӏа? – хаьттира Берсас.
– Дӏадаханчу пӏераскан дийнахь.
– Керла хӏун ду? Вайниш муха бохку?
– Дика Іа. Хьан дегӏ муха ду?
– Гӏоли йу суна-м. Хӏан, дуьлол, йуучух кхета вай.
Малх чубуьзча, хьеший новкъабехира Берсас.
– Ткъа, ӏаьлбаг, хӏинца со сапаргӏат вуьсу. Нагахь цӏеххьана ӏожалло катохахь а, тхаьш долийна гӏуллакх хьан карахь дуьсийла хааро синтем бо суна. Дала дукха вахаволда хьо! Аьтто хуьлда хьан а, вайн массеран а! Хӏан, шу гӏо хӏета. Гӏиллакх лелорна, баркалла!
Берсина мара а лилхина, тӏаьхьайаьллачу йоккхачу стеган Іодика а йина, говрийн урхаш лаьцна, Мичкан тогӏи чу биссира уьш.