Маршо цхьанне а маьхза луш йац!
И ахчанах а йухкуш йац.
Иза цӏийца эца йеза,
Зуда, сихха суна байракх тега!
Ш. Петефи. Байракх
Нохчмехкан малхбален дозанехь, Ишхойн-Ломана нийсса кӏел, йуькъачу хьуьна чохь къайлайаьлла ӏуьллу зандакъойн тайпанан жима йурт – Симсара.
И йурт йилла цига хьажийначу Іаьлбаган дендас Аьрзус ӏаламат бегӏийла меттиг къастийна хиллера: Ишхойн-Ломах схьадаьлла охьадогӏучу Жимачу а, Доккхачу а Яркхсус, лахо даьлча, шалго а йеш, цхьаьна а кхетта, йуккъе хьовзийначу лекхачу берда тӏехь ӏуьллу шера экъа. Малхбалехьа бу даим бохург санна тӏехь ло лаьтта, берзина, шена тӏебогӏуш цхьа а тайпа некъ а боцуш лекха Ишхойн-Лам. Къилбехьа йуьрта тӏе кхозабелла лаьтта Дуьйран-Корта а, жимачу шина хе, гатесна, йукъалаьцна важа кхо агӏо а. И сирла ши хи, шаьшшиъ жима делахь а, ломахь догӏа дилхича, дестий, дукха буьрса хуьлу. Цара охкуш даьхначу бердашца баьккхина и готта цхьаъ боцург, кхин некъ а бац Симсарна тӏебогӏуш.
Кхузара дӏа дехьа регӏаца го зандакъойн тайпанан коьрта йурт Зандакъа. Цунна лакхахь, къилбехьа – Чеччалха, тӏаккха – Даьттахе, кхин а дехьа – Зандакъ-Ара. Къилбаседехьа охьа Зандакъана лахо чохь – Гилана, цул лахахь – аьккхийн йарташ: Кешане а, Гӏачалкха а.
Хӏинцачул пхийтта шо хьалха хало дара йарташкахула дӏасалела, къаьсттина – ворданашца. Амма хӏинца оцу йаккхийчу йарташна йуккъехь шуьйрра некъаш ду паччахьан ӏедало дахийтина – Кешане гӏопера хьала Зандакъа а, Даьттахе а кхаччалц. Иштта некъ баьккхина Ямсуца хьала Ножин-Юьртахула дӏа бенойн, гӏордалойн, цІонтаройн йарташ тӏе а. И некъаш, Нохчийчуьра важа дисинарш санна, атта даьхна паччахьан ӏедало. Шайн бахаман гӏуллакхашна тӏера а бохуш, хӏор а денна – ӏай а, аьхка а – эзарнаш нах тӏе а лоьхкуш. Шайн сту-ворданца. Цхьа а тайпа луш йал а йоцуш. Хӏумма а нехан дуьхьа а доцуш, ткъа кху къармазечу йарташна тӏехь шен урхалла латто аьтто хилийта, муьлхха а цхьа хьовр-зӏовр хилча, таӏзарийн отрядаш сихха цига кхачо аьттонна.
Шен жимачу хьуьжаран коре а хӏоьттина, ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, ара баьрг беттара ӏаьлбага. Хьалха дуьххьала гучу регӏа. Цунна хазацара цхьаьний