Гӏаттахьа, даймохк!
Мичахь ду хьан тур?
Ш. Петефи. «Тоьур ду!»
Смекаловн отряд Эрсанара дӏа ЦІоьнтара йолайелча, ши де хьалха баьржина хилла шен ницкъаш хӏинца мелла а цхьанхьа а гулбина, Гумса тӏехь цуьнан некъаш леца сихвелира ӏаьлбаг.
Сулиман Кхеташ-Коьртехь а витина, ша тезакхаьллахойн ломахь чІагӏо лецира цо. Шена гӏоьнна беношца веана Солтмурд а, ши бӏе суьйлашца веана Раджаб-ӏела а Сулиманна гӏоьнна хьовсийра имамо.
Кегийрачу тобанашца сахиллалц тӏелетачу гӏовттамхоша и буьйса чомахь ца йаккхийтира Смекаловн отряде. Тахана цунна гонах гулбеллера гӏовттамхойн дукхахболу баьччанаш. Сийсара сахиллалц хезара, керла тӏеоьху гӏовттамхойн отрядаш декъалйеш, шатлакхна йетта тоьпаш. Ницкъ алсам белахь а, Нохчмехкан дега йуккъе нисвеллера Смекалов. Тахана кхуза хьовсийна бара йерриг Нохчийчоьнан бӏаьргаш. Тӏекхача гӏо а дацара цуьнан отрядна. Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа сецавора полковник Батьянов а. Ша гӏо доуьйтур ду-м аьллера Александр Павловича. Амма цуьнан хӏун пайда бу, хӏинцца кхузахь ца хилча? Динабургски полкан йиъ батальон Владикавказе кхаьчна, хӏор а батальонехь цхьацца эзар цхьамза а болуш. Уьш схьакхачале, масех де дер ду. Гӏалгӏазкхийн станицашкахь масех сотня вовшахтоьхна, боху. Амма пайда бац, тахана схьа ца хилча.
Гумсан тогӏехь сецна салтийн отряд, меттахйаьлла, гаттийчу некъашца беха могӏа беш, йахйелча, агӏонашца тӏелата ойла йолуш, делкъенга бевлира гӏовттамхой.
Ломан когашка оьзна хӏиттийна Къайсаран бӏаьхой, лакха тӏера хаам ма-хиллинехь, говрашка а хевшина, чухахкабала кийчча лаьттара. Амма отряд, кхийссарш цкъачунна сецначуьра йукъ-йукъа цӏерш а летийна, йайш дохуш, паргӏат ӏара. Къайсаран бӏаьхоша а йира делкъе. Таьлсаш чуьра схьайаьхна йакъайелла сискалш а, кӀон хохаш а биъна, тӏе шийла шовда а мелла, йуха а, генна лаха чу бӏаьргаш а боьгӏна, севцира.
– Вай стенна лаьтта кхузахь? – хаьттира, гоьла тӏе ког баьккхина, цергаш йуккъе сиргӏат ӏуьттуш, тевжина Іачу ӏумара.
– Имаман омре ладоьгӏуш, – дегаза жоп делира Къайсара.