– Иза-м ӏаш ву, – дехьара схьа вистхилира говрана хӏоъ баош воллу Янаркъа, – хІокху салтийн бӏаьра а вогӏавелла. Церан хӏун хазделла-те цунна?
– Цунна дика хаьа дан дезарг, – дӏа а ца хьожуш, шого жоп делира Къайсара.
Къайсаран хабаре вала дог ца догӏийла хиъна, цхьана йукъана дӏатийра ши йуьртахо. Амма, вист ца хуьлуш ӏийча, ӏумаран коьрте гӏайгӏане ойланаш хьийзара. Сийсара ӏаьлбаг волчу веанчу Овхьада дийцинера, Хаси-Юьртара эскарш Яьссица хьалагӏоьртина бохуш. Ойла йора шайн доьзалан а, йуьртан а.
– Вай виъ Акхтица дӏаваханехь, дика хир дара, – элира цо гӏийлла.
Амма Къайсар вист ца хуьлура. Цунна хаьара ӏумара и хӏунда боху.
– Гати-Юрт йагор ма йу салташа…, – гӏийла элира ӏумара.
ТІевеана, доккха са а даьккхина, охьахиира Янаркъа а.
– Вайн доьзалш хьан ларбийр бу?.. – шениг дуьйцура ӏумара.
Охьачухьоьжу Къайсар кӏантана тӏевирзира.
– Хьо цӏахь хӏунда ца ӏара, ӏумар? Ас ца элира хьоьга, хьо жима ву, цӏахь Іе?
– Даим и тӏехдетта-кх ахь, Къайсар, – дегабаам бина, дӏавирзира ӏумар.
– Шек дӏа ма валахьа, Іумар, – кӏантана чоже муьшка йира Янаркъас. – Акхта а, Болат а, Элса а ма ву цигахь. Берриг вайн гатийуьртахой а цхьаьна.
– КІезиг ницкъ бу.
– Вай цӏахь хилча, тӏекхетар барий?
– Делахь а, йурт йохош, цӏахь хила лаьар-кха. Селхана йина эрчо гина суна. Йаккхийчу тоьпийн хӏоънаша лелхийтина, дӏасакхийсина меженаш. Шурула-кӏайн даьӏахкаш, цӏен жижигаш. Цӏергахь даьгна бераш, къена нах, зударий а. Цхьана мӏаьргонна дог маллора сан. Догучу цхьана цӏа чохь мохь хьоькхуш бер дара. Кӏелхьардаккха ца кхиира со… Изза хир ду-те вайн йуьртах а?
– Хьанна хаьа хиндерг, – куьг чӏенига кӏел гӏортийна, дӏатевжира Янаркъа. – Йа вир лер, йа виран да лер аьлла-кх Молла-Несарта а. Цхьаъ хир ду, ойланаш йеш, хьайна бала ма бе.
Амма ӏумаре ца лахкалора коьртера ойланаш.
– Дадин кехат деаний-те? – шен гӏайгӏа йалхайора цо. – Цунах хилларг а хаац. Нагахь Сибрех вахийтахь, иза волчу мукъане а нислахьара со а…
– Ой, ӏумар, хьо-м велла дӏаволуш ма лаьтта! Стенна оьшу Сибрех ваха? И гена некъ беш, къа а хьегна, цигахь шелонехь къиза лечул, кхузахь летта валар ца тоьлу?