Бойсагӏар ирхъоьллира, ӏумма а, Атаби а Сибрех вахийтира, ткъа хӏара Солтмурд, ӏедале лаца ца луш висира.
Цул тӏаьхьа дӏадевллачу шерашкахь дийнахь-бусий виллина дӏа керлачу гӏаттамна кечам беш, цунна йукъ йихкина араваьлла лелара Солтмурд. Ӏедало дерриг халкъана, къастийначу йарташна йа цхьацца адамашна тӏехь йен харцо ӏорайохуш, адам ӏедална дуьхьал кӏамдеш, кӏез-кӏезиг шен бартахойн тоба стамйеш, таханлерчу дийне схьавеанера иза. Ша вовшахдеттачу гӏуллакхан тхьамда хила а ца гӏертара. Цо даррехь мукӏарло дора шегахь ишттачу чолхечу, доккхачу гӏуллакхна хьекъал а, Іилма а цахиларна. Амма майраллий, къонахаллий йара цуьнгахь кӏежтуьйсуш.
– Хӏун барт хили шун? – хаьттира ӏаьлбага, цхьа а вист ца хуьлуш, хан йала йоьлча.
– Хьаннашка гӏа даьлча, гӏовттар. Берсас а магадо иза.
– Мила ву аш вуьйцург? – хаьттира Олдама.
– Шийтта шо хьалха Бенахь сан хӏусаме вай гулделча, цхьа доггах къамел дина шовзткъа шо хенара стаг дага ца вогӏу хьуна? Аьрзун а, Маккхалан а доттагӏ. Хӏинца цамгаро кӏелвитина иза.
– Хӏаъ-хӏаъ! Паччахьан эпсар хилларггий?
– Хӏай-хӏай.
– Ой, иза-м къона ма вара?
– Пехех цамгар йу цунна, – элира Іаьлбага гӏайгӏане. – Амма кӏант, бохий ахь, дада, шел диканиг нанас дена вийр воцуш, дика кӏант ву! Вуьззина вайн къоман кӏант! Къоман а, маршонан а дуьхьа дех а, дуьненах а, ирсах а къаьстина. Шена лиънехь, хӏинца, и Орца санна, инарла хир вара иза. Хила массо агӏор аьтто а бара цуьнан, Петарбухехь эпсарийн дешар а дешна, тӏеман говзалла а йара. Да хьал долуш совдегар а вара. Амма цунна хьалха ши некъ хӏоьттира: кхиболу нохчийн хьолахой санна, паччахьна гӏуллакх деш, шен декъаза халкъ хьийзор, йа, халкъехьа а ваьлла, цуьнца цхьаьна къахьонан кад мийлар. Цо шолгӏа некъ къастийра. Цунна дӏаделла цо дерриг шен дахар. ЦІа а, ков-керт а, доьзал-м хьовха, гергара йиша-ваша а доцуш, меттахь висина.
– Ткъа хӏинца мичахь ву иза?
– Хӏинца цкъа-м шен ненан вешин хӏусамехь ву.
– Ой, иштта, йиша-ваша а доцуш, цхьалха висина хилча, иза схьа хӏунда ца валаво ахь?
– Ас-м, вола, элира цуьнга. Амма, хӏокху ламанан лакхенгахь шена садаӏар хала хир ду аьлла, ца веара-кх… Хӏета, Солтмурд, шун барт хиллехь, со-м