дуьхьал вац.
– Амма ӏумма-Хьаьжа реза вац гӏаттам иштта сиха боло. Дегӏастанхошца цхьа барт хиллалц, собардан лаьа цунна.
– Ой, стохка дуьйна, цаьрца вешан барт бу бохуш, ӏаш дац вай?
– Иза галбаьллий-те, моьттуш ву со.
– Хӏунда?
– Хонкарахь волчу ГІеза-Махьмера хаам хиллалц, гӏуллакх долор дац дегӏастанхойн тхьамданаша. Ткъа Іумма-Хьаьжа, хьуна ма-хаъара, церан бартара вер вац.
Ӏаьлбаг оьгӏазвахара.
– Хӏета, вай Іовдалш ӏеха а деш, туркойн гӏуллакх айъина лела-кх уьш. Гӏеза-Махьмех Дегӏастанан а, Нохчийчоьнан а имам ван. Іуспанан Сайдулла – нохчашна, Алхазан Муса –хӏирашна коча хао. Гӏеза-махьма-м, ша Уьстамалахь воллушехь, ӏа ша вайн имам ву бохуш. Хӏан-хӏа, Солтмурд, туркойн ӏедалан, цигахь хьоло вукъвина ӏачу кхузара дӏаваханчу масех ламанхочун а дуьхьа ког дӏа а тосур бац ас. Сан аьлларг хилахь – цхьана а нохчочо а. Вай лелориг вешан маршонан гӏуллакх ду.
– Хӏета, дегӏастанхойн бертаза, ваьш гӏовтту вай?
– Вай-м ваьш дац. Россехь а адам меттахъхьеш ду, боху. Оьрсий а, кхидолу къаьмнаш а ӏедална дуьхьалдевлла, боху Берсас. Паччахьан шен махкал арахьара гӏуллакхаш а доьхна долчух тера ду. Суна хетарехь, уггар аьтто болу зама йу хӏара тӏехӏоьттинарг. Кхана хуттур аьлла, дитина гӏелан цІога хоттаза дисина, боху. Шен хеннахь цадинарг дуьсу. Дегӏастанхойн тхьамданашца вайн барт цабагӏарх, цигара халкъаш ма ду вайца. Салатавхой а, Іаьндой а вайх къаьстар бац. Уьш тахана а кийча бу вайна тӏаьхьахӏитта. Саношка а, тушошка а догдохийла йу вайн. Абхазой а ӏа вайн барте хьуьйсуш.
– Цара хӏун дер а, хаац.
– Хӏета, вай ваьш гӏовттур ду-кх, – хадийра Іаьлбага. – Тоьур ду, хӏиццалц садиттича. Кхидӏа собарна ницкъ бац.
Тӏера йуькъа ӏаь гӏуьттуш хьолтӏамаш а, кхехкийна дакъийна жижиг а, йоьхьаш чохь доккха шун а хӏоттийра царна хьалха.
Гӏаттам вовшахтохархойн уггар жигара ши дакъалацархо – Чеччалхера Бортӏаган Къосам а, Маьхьтин Нурхьаьжа а – хІокху Іаьлбаган нийсархойх вара. Къосам кхо-диъ шо воккха вара ӏаьлбагал. Баккхийчаьрца шуьне ховша гӏиллакхехь ца хеташ, севцира уьш.
– Схьатӏехилал, кӏентий, – элира церан дагара хиъначу Солтмурда.
– Оха тӏаьхьа йуур йу, – йухагӏоьртира Къосам.