– Хабар дита. Жимхалла кхечахьа лелор аш. Вайн дийца дезаш кхин а ду гӏуллакхаш. Же, ма ӏелаш!
Жимма йуха а гӏиртина, шунна тӏехилира къонанаш.
– Йуха пӏерасканан буса йартийн тхьамданийн гулам бан сацийна оха, – элира Солтмурда. – Хьо реза вуй, ӏаьлбаг?
– Реза ца хилча, волий со?.. Мичахь гулло вай?
– Тӏерга-Дукъа. Сесанний, Бенаний йуккъе.
– Аренгарчу йарташа хӏун боху? – хаьттира Къосама.
– Шаьш кийча ду, боху цара а, – жоп делира Іаьлбага.
– Имам билгалвиний аш? – хаттар дира хӏетталц церан къамелна йукъа ца гӏерташ ӏийначу Олдама.
Солтмурда жоп ца делира. Хӏума йиъна а бевлла, доӏа а дина, хьалхара шун дӏаэцча, тӏаккха вирзира иза оцу хаттарна тӏе.
– Дера, Олдам-Хьаьжа, оха массара а магийнарг-м хӏара ӏаьлбаг-Хьаьжа ма ву.
Олдам, цецваьлла, бага гӏаьттинчохь висира.
– Ахь баккъал боху?!
– Боху, дера-кх.
Корта а хьовзийна, гӏаддайна велавелира Олдам.
– Делхьа, Солтмурд, оццул долу хӏара чолхе гӏуллакх вовшахдетташ лела шу хьекъале нах ду, моьттура суна. Иза ца хилла аьттехьа а.
– Ахь хӏун дуьйцу?!
– Ой, сила долу доккха гӏуллакх балдаш тӏера шура а йакъайалазчу беран кара ло ткъа?
– ӏаьлбаг-Хьаьжа бер ма дац. Маса шо ду цуьнан?
– Ткъе йалх.
– Тоьур ду. Ткъе йалх шо а хилча, лаккхара ӏилма дешна а хилча, хьаьжо а хилча.
– Оцу дерригенан мах бац, стаг къонах ца хилча, и сан кӏант велахь а!
– Къонахалла-м, нахана йекъча, йиса а йара цуьнгахь.
– Забаренна а ма хьехаделахь и, Солтмурд, – корта ластийра Олдама. –
Хьуна бакъдерг хаа лаахь, хӏара кӏант тхан бертаза гӏерта шуна йукъа. Халкъан гӏуллакхах, шун санна, дог а лозу тхан, цуьнан маршонан дуьхьа тхешан синош дӏадала кийча ву со а, сан нах а. Амма и имамалла боху гӏуллакх ма кхийдаделаш хӏокху кӏанте. Оцу гӏуллакхна хьекъал а долуш, нахана а вевзаш, цӏе йоккхуш стаг веза. Гӏаттаман коьртехь хьо йа Іумма-Хьаьжа хила декхар ду.
ГІовталан некха тӏерачу жимачу кисанара дато сахьт схьа а даьккхина, негӏар хьала а тоьхна, хене хьаьжира Солтмурд.
– Делхьа, Олдам-Хьаьжа, хӏокху кӏентан цӏе ас хьалха йаьккхина йац хьуна, – элира цо, сахьт йуханехьа кисана а дуьллуш. – Тхан вовшашлахь хьахаделча, массара а, цхьа барт бича санна, ӏаьлбаган цӏе йаьккхира. Сой, ӏумма-Хьаьжий