къанвелла. Кхузткъе итт шарал тӏехъиккхина тхойша ваьлла къийсина а, дуьне диъна а. Хӏинца рагӏ къоначаьргахь йу, Олдам-Хьаьжа. Кхидӏа цара къуьйсур шайна.
– Ша кеггийнчо даа деза худар, – элира Олдама эндаже.
– Ма кхералахь, тхешан дакъа оха нахе доуьйтур дац хьуна, иза дӏовш делахь а.
– Шайна луъучо даа, амма и имамалла сан кӏентан коча ма ӏитта-кх. Хӏара тентак хьалха а теттина, дӏасадовда атта ду шуна.
– Тхо-м цкъа а ца девдда, Олдам-Хьаьжа, довдур а дац. – Солтмурдан къоьжа, дуькъа цІоцкъамаш дусаделира. – Нагахь, Бойсагӏар лоцуш, со, ведда, кӏелхьарвалар ахь схьаӏиттахь, со кӏиллолла ца веддера, кара а вахана, эрна ца вала, къийсамехь вожа веддера.
– Хӏан, битал и къийсамаш, – йукъавуьйлира ӏаьлбаг. – Халкъо хаьржжинарг хир ву имам. Хьо а харц лоь, дада. Хьан кӏенташна шура а йогӏуш, нахана цӏий догӏург а хир дац даим. Тӏе, ас цхьа а ца воьху сайна тӏаьхьа. Ӏала-Мохьмад, ӏеламха, ӏарапха а шайн лаамехь буьту ас. Лаьий – соьца дӏабогӏур, лаьий – шайн цӏахь буьсур. Сайн дегӏера са дӏадаллалц маршонехьа къийса айса биъна дуй ас кхочушбийр бу. Сан тӏаьххьара дош ду иза.
Ӏаьлбага сацамболлуш аьллачу дешнаша цхьана ханна тийналла хӏоттийра чохь. Хӏетталц дена хьалха а иккхина дош ала ца лууш ӏийна ӏала-Мохьмад, цхьаъ ала ойла хилла, меттахъхьайра.
– Вайн, вовшех девлла, даха меттиг бац, ӏаьлбаг, – элира цо. – Хьайн даго къобалбечу новкъа вала хьо. Тхо хьуна уллохь хир ду.
– Дера, ма хила, нагахь ас йуьхьарлаьцна некъ шайн даго къобалбеш бацахь-м, – кӏоршаме жоп делира ӏаьлбага. – Хӏораммо шен коьртах жоп ло гӏуллакх ду иза. Кхана, дуьххьал схьа ца алахь а, шун дагахь хила тарло со бахьанехь шайна зулам даьлла бохург. И дӏадели. Ткъа, Солтмурд, ахь деанарг суна Берсехула хезна. Цуьнан ойла а йина ас дуккха а. Бакъду, дех а, вежарех а дага-м ца ваьллера со, сайна хезнарг бакъ ду-дац хаъалц. Соьга хаьттича, гӏаттаман коьртехь махкахь а, махкал арахьа а бевзаш, цӏейоккху къонахий хила ма беза. Со дуьхьал ву шун лаамна. Амма вай долийначу гӏуллакхна сайн са дӏадала кийча а ву.
Гӏайби тӏе ах тевжина ӏен Солтмурд охьахиира.
– Ас хьоьга кховдийнарг тхо масех стеган лаам бу, ӏаьлбаг. Иза йухатоха бакъо йу хьан. Амма, и