ду. Мацах цкъа шаьш монголийн-татарийн ханашца, Тимуран ордашца, Крыман ханашца, гонахарчу къаьмнийн феодалашца, оьрсийн паччахьашца латтийначу къийсамех, шайн халкъан баьччанех лаьцна дуьйцуш.
Амма хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь, оцу турпалчу иллийн меттана, кхин кхолладелла: гӏиллакхех, ӏожаллех, эхартах лаьцна сингаттаме, дуьненах догдиллина чулацаме иллеш.
Цецвала хӏума дац иза?
Тӏамо оьздангаллех, адамаллех а дохадо адамаш. Башхо йоцуш, шина а агӏорниш. Бакъонца летарш а, тӏамна бехкеберш а. Тӏом дахарехьа къийсаман уггар лакхара, уггар къиза, адам адамаллех дохо тӏегӏа ма ду. Тӏамехь харжац бакъ а, харц а герзаш. Цо толаме вуьгуш йа ларвеш хилчахьана, муьлхха а герз ойъу – харцо, къизалла, мекарло, йамартло, тешнабехк – дерриг а мега. Мел машар безарг а, мел къинхетамениг а, хӏетталц атталла зингат хьаша къихкинарг а – адамаш дайъа волало. Тайп-тайпанчу бахьанашца, ӏалашонца. Кхиберш лолле берзо, тало гӏерташ – цхьаберш; шайн даймохк, доьзалш, шайн синош лардеш – шолгӏаниш: шайна сий, хьал лоьхуш – кхозлагӏниш а; ницкъо тӏелоьхкуш – бисинарш а. Масане ду уьш?
Вайн муьжгий шайн лаамехь ца бовлу салт а, шайн лаамехь ца богӏура нохчийн йарташ йаго а. Кара герз а лой, нуьцкъах схьачулоьхкура уьш. Ткъа вукху агӏор, Шемала а, цуьнан динан дайша а ламанхочун коьрта чу дуттура, церан йарташ йагораш, керстанаш, бусалба динан мостагӏий бу, уьш байъинарг а, царах летта велларг а гӏазот хир ву бохуш. Оцу хьехамех цатешарг а, машаре ӏан луург а гӏаттавора вайн инарлийн къизалло. Тӏом чекхбаьллачул тӏаьхьа берхӏитта шо даьлла. Цуьнан чевнаш йисина адамийн дегнаш чохь. Хӏинца а шардалаза ду хӏетахь байъинчийн кешнийн баьрзнаш. И мостагӏалла дицдан гӏерта шина а агӏорниш, амма ӏедало иза марсадоху шен харц эладитанашций, гӏуллакхашций. Хилларг, дӏадаьлларг дицдан а, шина халкъана йукъахь гергарло, доттагӏалла кхолладала а, шайн массеран кхоллам цхьаъ буйла хаа а, шайн массеран йукъара мостагӏ паччахь а, цуьнан ӏедал дуйла хаа а, цунна дуьхьал маршонехьа къийсамехь халкъаш цхьаьнакхетта гӏовтта а хан ма йеза. Иза, вайна ма-моьтту, шарахь а, итт шарахь а хир ма дац. Тӏе, хӏокху ӏедало