аттачу балхах халкъаш дуьтур ма дац доттагӏалла, гергарло таса а, цхьаьнакхета а, вайн социалистийн ницкъ а, идеяш а толлалц.
Хӏокху нохчаша, нехан махка а бахана, цӏий ӏанийна, кхечу халкъан маршонна тӏе куьг даьхьна меттиг хаац историна.
Уьш къар ца белира монголийн-татарийн ханийн а, Тимуран а ордашка. ХІокху арен тӏера дӏабаьхначу цара, лаьмнашка йуха а бевлла, хаддаза къийсам латтийра шайн маршонехьа.
Ширачу Римера схьайогӏуш, цкъа а ца хийцалуш цхьа принцип йу олалла дечу классийн: шайн олаллина кӏелхьара кегийра къаьмнаш массо агӏор а лахдар, царна йуккъехь мостагӏалла латтор, церан вовшех тешам байъар, царах цхьаъ маршонехьа гӏеттича, кхечеран куьйгашца иза хьашар.
Тӏаккха атта хуьлу уьш дацо, лоллехь латто.
Оцу принципна тешаме йу вайн правительство. Цул цхьа ког а тӏаьхьа ца вуьсура Шемал а.
ХІокхеран дуьхьало кагйеш биначу бехачу тӏамехь герзаца адамаш дойъура, дагарций, цӏарций йарташ, йалташ, даьхний, бошмаш, хьаннаш хӏаллакйора, ткъа ахчанца хӏара къам шен оьздангаллех дохадора вайн командованис. Цуьнца нах оьцура, уьш шайн халкъана дуьхьалбохура, йарташна, тайпанашна йуккъе мостагӏаллаш эгадора, уьш вовшех лоьтуьйтура. Оцу политикех лаьцна дика аьлла Н. А. Добролюбовс шен цхьана статьяца[24].
1839-чу шарахь Ахульгохь вохийна, Дегӏастанара эккхийна Шемал шайна тӏелецира нохчаша. Йа, вуьшта аьлча, Ахульгохь дӏавоьллина иза йухаденвира. Денвина а ца ӏийра. Цунах дуьненахь а цӏе йоккхуш стаг вира.
Малхбален ламанхошлахь массарел тӏех шайн къоман, йукъараллин а, хӏораннан шен маршо а, бозуш цахилар а лардинчу нохчаша Дегӏастанахь деспотически ӏедал латточу Шемале шайна тӏехь иза дуккха кӏаддайтира. Масала, ӏедалан урхалла а, халкъан текхамаш а, далла гӏуллакхдарца йолу чӏагӏаллаш а. Оцу халкъо цкъа а къобал ца йора мюридизман идеяш, ткъа и гӏазотан кхайкхамаш дуьххьалдӏа шайн къоман маршонехьа, вайх дозушдацар лардарехьа къийсамна адам гӏатто идейни гӏирс бара. Шемал цкъа а ца тешара нохчех, ткъа нохчашна а йевзара цуьнан башха амал. Шемална хаьара и дерриг а, цундела иза кхоьрура царах. Ткъа нохчий боьлура цуьнан шайхаллех а, цуьнан фанатични