– Ашшимма, господа, шайн сотняшца дукъа а валий, тӏаьхьаталла мятежникашна. Генабевллехь, леха ца оьшу. Йалташ, докъарш хӏаллакдай, отрядна тӏаьхьа Яьссица хьалавола. Ткъа ахь, капитан Пруссаков, йурт йагайе. Хьуна цхьа сотня а, рота салтий а, меттигера лаамхой а буьту ас. Дерриг чекхдаккха ши сахьт хан йу шуна.
– Гаспадин палконак, тхан бахамаш…, – гӏийла мохь белира Хортӏин.
– Капитан Пруссаков, воккхачу стеган дехар кхочушде.
Дӏаваха говр дӏахьовзийча, йуьстахлаьттачу Солтханах бӏаьрг кхийтира Батьяновн.
– Хӏара лаьттарг мила ву? – цунна тӏекъаьрзира полковник. – Мичара йевлла хьуна погонаш а, мидал а?
– Эцна, – элира Солтхана.
– Хьаьнгара? Хӏун делла?
– Хӏара пхьарс белла, паччахьера эцна.
Оьгӏазваханчу Батьяновн йуьхьах цӏе летира.
– Иза, хьан оьздалла, цхьа кӏира хьалха туркойн тӏамера цӏа веана, – элира улло хьийзачу Асхьада.
– Хӏета, турпалхо ву-кх, – кӏадвелира полковник. – Муха ду хьан дахар?
– Вон дац.
– ӏедална гӏуллакх дан лаьий хьуна? Вало, даго деза цӏенош гайта салташна.
Солтха кӏоршаме хьаьжира цуьнга.
– Хьуна хьалха лаьттачара гойтур ду. Ахь аьлча, шаьш бага а кийча лаьтта уьш, – ХортІагӏарна тӏе корта тесира Солтхана.
– Хьайна луъург де. Со-м хьуна мах балийта воллура.
– Баркалла, господин полковник. Хӏумма а ца оьшуш, дика веха со.
Шен эпсаршца дӏавахара Батьянов. Даго деза цӏенош гайта Пруссаковна улло лилхира Хортӏагӏар.
Дошлой, говрашка йоргӏа эцийтина, регӏа бахара. Салтийн рота а, хӏокху йарташкара лаамхой а эвлан гомийчу урамашкахула дӏасабаьржира. Хьалха чубоьлхий, цкъа цӏенош толлура цара. Кӏелхьарйаха ца кхиийна йийбарш кертал аракхуьйсура. Мега герз, пхьегӏаш, кузаш, истангаш а дӏаоьцура, йисинарш, тоьпийн баххаш детташ, отура, цхьамзанашца этӏайора. Тӏаккха цӏе тосура цӏенойх. Цӏе марсайаьллачу хенахь йукъакхуьйсура вуьшта а этӏийна, йохийна сал-пал. Догура цӏенош, йалтадухкургаш, божалш, доьрчий, докъаран холанаш а.
Цхьа сахьт далале, йуьртана тӏехула кӏуьран ӏаьржа марха хӏоьттира. Сетташ, керчаш, хьерчаш, хьалаоьхура цӏеран меттанаш. Хӏаваэхь хьийзара йогучу алан, гӏодамийн хелагаш а, лоьдгаш а. Ӏадийна маьхьарий хьоькхура зударша,