бераша, цӏахь дитинчу эсаша. Салташна дуьхьало йеш лета жӏаьлеш а, цкъа-шозза ӏанцӏ-ӏинцӏ дой, дӏатуьйра.
Солтха меллаша цӏехьа волавелира. Кетӏа а хӏоьттина, къаьрзина ши бӏаьрг хье тӏе а баьлла, йуьрта хьоьжуш карийра цунна Солта. ТІе а вахана, кӏентан белша тӏе куьг диллира Солтхана.
– Гой хьуна? – хаьттира цо.
– Го…
– Варийлахь, дика хьажалахь. Хӏара де а ма дицде, хьо велла дӏаваллалц…
Мӏаьчиган лаппагӏи чохь чӏагӏо лаьцна сецна ши доттагӏ тоьпаш карахь цхьа долчу цхьана корехь лаьттара. Цаьршинна шера гора маьждиган майданахь хӏоьттина сурт. ХортІагӏар а гира. Кхоьлина, меллаша цӏа вогӏу Солтха а гира.
Лаха чуьра цӏенош а дагийна, МІаьчигъгӏеран йуккъе лакхахьа тӏебуьйлабелира таӏзархой. Царна хьалха богӏура Асхьад, Хортӏа, ЧІонакъа, Инарла.
– Схьакхочуш бохку, – элира Мӏаьчига, шен топ а кечйеш.
– Шина тоьпана йалх барам хӏоъ-молха бен дац-кх…
– Тоьур ду.
– Хьалхалера бӏаьрса а дац хӏинца.
– Дера, кӏеззиг куьйгаш а ма дегадо.
Доттагӏий цхьана минотана дӏатийра.
Къайсаран а, Аьрсамирзин а цӏенош дара догуш. Таӏзархой тӏаьхь-тӏаьхьа гергагӏертара. Хӏинца шера къаьстара церан къинхетамза йаххьаш. Шуьйрий, йехий, йеакӏовн а. Дехий гиччош, месала мекхаш дерш а бу. Цхьана тобанна хьалха Хортӏа ву. Вукхуьнца – Асхьад. Кегийра гӏулчаш йохуш, цхьана эпсарна хьалхаиккхина, хьацаран кӏур хилла вогӏу Хортӏа.
– Васал.
– Вай?
– Ас оцу къеначу жӏаьлина туху.
– Хьанна?
– Хортӏина.
– Ма тоха.
– Хӏунда?
– Къена ву иза. Вуьшта а, кестта лийр ву. Даш кхоаде.
– Бакълоь хьо, Васал, къена жӏаьла а дитина, кӏеза ден деза. ТІаьхье ца кхиийта.
– Ткъа ас и дӏо хаза мекхаш долу эпсар вожаво.
Цхьатерра йовлу доттагӏийн тоьпаш. Деге ка а тухуш, шалха а воьдий, йуьхьара кхета Асхьад а, эпсар а. Хортӏа – кӏантана тӏе, салтий – эпсарна тӏе хьолху. Салтий дӏасахьуьйсу тоьпаш йевлла меттиг лоьхуш. Лаппагӏин корехь молханан кӏур гича, бертал охьаоьгу салтий. Шозлагӏа а, кхозлагӏа а тоьхначара шишша салти а, ламанхо а лаьттахь дӏатево.
– Чекхдели, Васал.
– Чекхдели.
– Васал.
– Вай?
– Нохчийн бӏаьхаллин илли алахьа!
– Мегар ду, Мӏаьчиг. Къонахойх лер вайша.
– Вайшиннал тӏаьхьа вайшиннан къена ши сту буьсу-кх, Васал.