Цхьа къона йоӏ йу со,
Хьо цӏера дӏавоьдуш.
Къанйелла карор йу,
Нагахь хьо цӏа верзахь…
Овидий
ХІокху ворхӏ беттан къизаллин лар йу ког дӏа мел баьккхинчохь. Даьгначу диттийн, докъарийн, йалтийн, дечигийн кӏуьрзан хьожа меттахъхьайина йочанаша. Хьо муьлххачу агӏор дӏавирзича а, мерах йеттало иза.
ЦІенош чохь а йу изза лараш. Зударий го, бӏаьргаш, марий бен гуш ца дуьтуш, коьртах ӏаьржа корталеш а хьерчийна. Божарийн йаххьаш а, кортош а ду дукха хенахь дуьйна тӏе урс дахьаза, девлла.
Байъинчийн чӏир кхобу хӏор а хӏусамехь.
Дагийначийн метта овкъарш тӏехь керла диначу цӏеноша а дагатуьйсу хилларг. Хӏинца а дакъадалаза ду цкъа дуьйцина дина, тӏаккха тӏе стомма поппар хьаьхна пенаш. Этӏаршна йуккъехула схьакъеда бецийн сийна зӏийдигаш. Кхин дакъадалар доцуш, Іаьн кӏел гӏур ду уьш.
Тховса, хьаша веана аьлла, дуьххьара цӏа чу цӏе латийра Дешис. Поппарх керла биначу шуьйрачу маьнги тӏехь цкъа чах стомма чкъор дина. Цунна тӏехула тесна шочах йина тиша черт. Оцу тӏехула даржийна наггахь цхьа хийра хьаша веача бен Дешис схьа ца оьцу цӏен-ӏаьржа бустамаш дохуш кечдина доккха истанг. Ненан совгӏат дара иза.
Товханна чохь очакх тӏехь хьерабаьлла кхехка Іаржбелла цӏеста йай. Букъаршца цкъа тӏейуьйлуш, тӏаккха йуьхьара хи буха оьхуш, гонаш туьйсуш, хьийза котаман меженаш.
Товханна хьалха кенийн миндар тӏехь хиъна Іа Деши. Цунна хьалха текхахь галнаш йан тобина ахьаран мижарг бу. Цунах кӏез-кӏезиг бохуш, цкъа буйнахь Іовдуш, тӏаккха керайуккъе таӏош, галнаш текха охьатуьйсу цо. Хӏор а минотехь стамло барз.
Селхана хьеший баьхкина Айзагӏаьрга – Оьрза-Гӏалара Андрей а, Корней а. Шайн ши доттагӏ МІаьчиг а, Васал а вийна аьлла хезна. Тахана дӏавахале, ши хьаша чукхайкхира Болата. И шиъ эцна кешнашка вахана иза, уьш цӏа берзале кхача кечбан гӏерташ йоллу Деши. Шен болчу кхачанан йерриг тӏаьхьало вовшах а тоьхна.
Деши дика могаш йацарна, хӏокхунна ницкъ хилахь а аьлла, йеана чуйелира Айза. Деши йезза хьалаайъаелира.
– Ас йийр йарий хьуна и галнаш, – элира Айзас, халла хиъна ӏен Деши а хьостуш. – Соьга хӏунда ца хьожура хьо, диканиг?
– Хӏара-м хала доцург дара, нана.
– Саьрамсекх аьттий ахь?