– Хӏан-хӏа.
– Мичахь бу иза?
– Битахьа, нана. Цул, охьа а хаий, цхьаъ дийцахьа.
Дешин боккха ӏаьржа ши бӏаьрг тӏанк-аьлла хих буьзира. Тохаделира дехий цІоцкъамаш. Бӏаьргаш чуьра схьаӏаьнна боккха ши тӏадам, беснеш тӏехула охьа а хьаьдда, горгачу, дуьзна лелха дохкучу накхошна тӏе буьйжира. Улло охьа а лахйелла, Деши марайоьллира Айзас.
Буйнара мижарг текха а хецна, доггаха йилхира Деши.
– Ма йелха, – шен тӏунбелла бӏаьргаш а, дего аз а къайладаккха а гӏерташ, къоначу зудчун сатедан гӏоьртира Айза. – Дала йаздинчух вер вац цхьа а. Болат-м, Дала мукъалахь, могаш а, дийна а ву. Кхечаьрга а хьажий, ойла йел ахь. Макка ца го хьуна, кегийчу берашца цхьа йисина? Кхин масане зударий бисина…
Айзина карлайелира шен декъаза къоналла. Ӏела Хонкара вахча, шина кӏантаца ша цӏахь йисар. Оццу шарахь кхелхина да-нана а. Стохка лаьцна ӏела а. Хӏинца ӏумарх хӏун хир а хаац… Амма цо шегара бала ца къадийра.
– Ас хӏун дан деза, хӏара лаьцна Сибрех вахийтахь?..
Айзас дайн куьг хьаькхира къоначу зудчун коьртах.
– Дала къинхетам бийр бу. Массо а са долчу хӏуманна цхьацца верас ма вуьту цо. Эсет ца го хьуна? Цуьнан дегӏах бер хьаьрчина кхо бутт а кхачале, Хонкарахь велира цуьнан цӏийнда. Хӏинца, гой хьуна, воккха хилла кӏант ву. Хьайниг-м, дала мукъалахь, дийна ву. Ца лоцуш виса а мегий иза-м. Лацахь а, цӏа вогӏур ву. Къанйеллачу ас а ца дуьллу сайчух дог. Осала ма хила.
Арара схьахезачу божарийн къамело дӏатейира ши зуда. Хьалха Андрей а волуш, чувелира кхо стаг. ХІокху дӏадаханчу шийтта-кхойтта шарахь цавовззал хийцавеллера Андрей а, Корней а. Андрейн мацахлера ӏаьржа, йуькъа маж тӏе йис йиллича санна йара хӏинца. Шина а бӏаьрга тӏера дӏа лергашна тӏекхаччалц дӏасадаьржинера кӏорггий хебарш. Амма дегӏ дара, хьалха санна, зоьртала, нийса. Пхьаьрсаш а – андий, гӏораш санна, стаммий.
Хьалхалера аьрхаллин цӏе йайнера Корнейн бӏаьргаш чуьра а. Стенна делахь а, гӏайгӏанийн мархаш йара бӏаьргийн кедаш тӏе хӏиттина.
Когара эткаш дӏа а йаьхна, маьнги тӏе а ваьлла, баьрче охьахиира ши хьаша.