а, цаьргахь санна, мукъане а, – жимма ойлане ваьлла, тӏаккха Берсехьа а вирзина, хаьттира цо: – Овхьад веарий хьо волчу?
– Веара. Баркалла хьуна, ӏаьлбаг. Дика ду ахь иза кӏелхьарваьккхина. Цо дийцира суна дерриг а. Хьекъале а, майра а жима стаг ву иза. Даймехкан, халкъан маршонан дуьхьа шен са дӏадала кийча. Масех эзар мукъане а белара ишттаниш. Суна хетарехь, ӏаьлбаг, цкъачунна маршонах догдилла дезар ду вайн. Паччахьан ӏедало, ондачу цхьана зӏенаца вовшахтесна, дихкина хӏокху Россехь деха дерриг къаьмнаш. Царах цхьаъ йа иттех деттадаларх, хедар йац иза. Массо а цхьатерра дӏа ца гӏоьртича. Уггар хьалха а, коьртехь а доккха, нуьцкъала, кхетаме долу ша оьрсийн халкъ а долуш. ТІаккха хир йу массарна а маршо. ХІетталц догдохийла йац цуьнга. ХІокху тӏаьххьарчу баттахь, иза мел тӏаьхьа делахь а, сан ойла оцу тӏехь сецна-кх, ӏаьлбаг.
Чувеана Болат хаттаре ӏаьлбаге хьаьжира.
– Хӏинца дӏавоьду вайша, Болат, – догдика велакъежира ӏаьлбаг…
– ДІагӏо, ӏаьлбаг… Стеган дахар – къийсам бу. Диканехьа, ирсехьа, дахарехьа. И къийсам сецча, дахар а соцур ду. Къийсамо эшайо халонаш, ӏамаво стаг ваха а, вала а. Тӏаьхьа-тӏаьхьарниш хьекъале а, кхетаме а хир бу. Вайн гӏаттаман хьесап эцна, вайн гӏалатех ларлуш, кхечу, нийсачу новкъа гӏур бу уьш. Эххар а, цхьана дийнахь йожийна, хьошур йу хӏара харцо. Цуьнан овкъарш тӏехь керла дахар хӏоттор ду адамаша, дерриг къаьмашна йукъахь нийсо а, барт а болуш…
Шийла йу суьйре. Догӏий, лой цхьаьнаийна, ткъов йоьлху. Дитташца шок йетташ, дера мох хьоькху.
Оцу йоьхначу суьйранна Даьргӏа кӏел, Яьссин аьтту йистехь, соцу ши бере. Ший а вовхха вухавелла и шиъ. Кхакханан кетаршна тӏехула дуьйхина чоэш, бӏаьргаш, маранаш бен гуш ца дуьтуш, кортойх хьерчийна башлакхаш. Шинггехь а герз ду. Даим хьалха вогӏуш хиллачуьнгахь – берданга, ткъа вукхуьнгахь – нохчийн мокхаз буьллу топ. Коча тийсина тарраш, йукъахйихкина шаьлтанаш а йу.
Воккхахволу бере говрара охьавосса воьлча, шолгӏачо, каде охьа а оьккхий, тӏевоьдий, цуьнан говран урх дӏалоцу.
– Хьо хӏунда сецна, ӏала? – хотту жимахчо.
– Кхузахь дӏасакъаьста вайша, Султӏи.
– Шух хирриг хир сох а. Со а ваийтахьа, ӏала.