Ӏаьлбага сацамболлуш корта ластабо.
– Хӏан-хӏа, Султӏи. Вежарех, цхьаъ мукъане а, маршонехь виса лаьа суна. Ӏеламха а, ӏала-Мохьмад а, ӏарапха а лоцур ву ӏедало. Цара мелла а жигара дакъалаьцна хӏокху гӏаттамехь. Зеламханан пхийтта шо бен дац. Иза йукъа цаийзор хир ву ӏедало. Берхӏитта шо долу хьо лоцур ву. Амма иза хилийта йиш йац. Гӏо эшначохь орцах вала цхьаъ хила веза маьрша. Мел дийцича а, вайн вежарех, жима велахь а, хьо майра а, хьекъале а, доьналла долуш а ву. Соьца хьо ӏедална караварах а, соьцанна ахь Іожалла тӏеэцарх а, нисдала хӏума дац. Хӏинца говраш хуьйцу вайша. Хӏара сан мел хьоме йара хаьа-кх хьуна, хӏокхуьнан доладелахь.
Іаьлбаган дин гӏийла терсира. Султӏи маракхийтира вешина.
– ӏала!.. Ас бекхам оьцур бу хьан мостагӏех, хьуна йамартло йинчех…
Ӏаьлбага маракъевлира иза.
– Шу пхеа вешина со бахьана долуш цкъа а декхар тӏе ца дожийна ас, Султӏи, – элира цо, иза дӏа а хецна. – Хӏинца хьуна тӏе а ца дожадо. Хьайн даго хьоьххург де. Амма гӏийлачунна, мискачунна орцахвалар, шен а, халкъан а маршонехьа къийсар, халкъан дуьхьа ӏожалла тӏеэцар – иза къонахчун декхар ду. Хаалахь, хӏокху дуьненахь лай хилла вехачул, велла дӏавалар гӏоле йу хьуна.
– Ахь долийнарг ас тесна дуьтур дац, ӏала…
– Иза ас долийна дац, Султӏи. Іедало шайгахь латто ӏазап, шайна тӏехь латто харцо ца лайна, вайн дайша долийнарг дара ас схьалаьцнарг. Варийлахь, нагахь и некъ хьайн даго къобалбеш бацахь, оцу новкъа ма валалахь. Хӏинца йухаверза…[31]
Нанас бер санна, ша иттех шарахь хьомсара кхиийна дин цхьа къацахетарийн кара ца бахийта, иза Султӏехь а битина, цуьнгарчу говра а хиъна, хи чу вуьйлира ӏаьлбаг. Чхерашна тӏехула кхийсалуш, керчаш, чопаш туьйсуш, цинцийн дарц детташ, дистина, дарделла догӏучу хица къуьйсуш, аьрру агӏон тӏе делира говр а, бере а. Цигахь ца соцуш, йуха а хьаьжна, вешин ӏодика йеш, шед карахь йолу куьг хьала а лаьцна, говре йорт эцийтина, бодашкахь къайлавелира ӏаьлбаг.
Вешин говран урх буйна а къуьйлуш, чурт санна, вехха вогӏавелла лаьтта Султӏи, цӏеххьана гора вуьйжира. Доӏина ши куьг хьала а лаьцна, гӏайгӏане бӏаьргаш кхоьлинчу стигала а боьгӏна, Деле кхайкха хӏоьттира иза: