– Йа Аллахӏ, хӏай, веза Дела! Айса дуьненахь даьккхинчу хӏокху берхӏитта шарахь даим дӏа хьарамчух ларвеллера со, бусалбанна а, керстанна а зен-зулам ца динера ас. Ахь кхоьллинчу цхьана а хӏуманан са ца даьккхинера ас. ГІийлачунна, мискачунна гӏо ешча, орцах ваьллера со, оьзданиг лело гӏиртинера со, оьзда доцчух къихкинера со, Хьуна а, адамашна а хьалха сайн адамаллин декхар кхочушдан гӏиртинера со…
Цхьаьнаийна тӏедеттачу догӏано а, лайно а йашийнера цуьнан йуьхь, хьалалаьцначу куьйгийн пӏелгашна йуккъехула охьаӏенара догӏанан хиш.
– …Айхьа вазвина ваийтинчу Пайхамарехула Ахь тхуна тӏе ма диллинера харцонца къийсар. Зуламениг адамашна йукъара дӏадаккхар декхар деш, Ахь тхуна тӏедиллинарг кхочушдан, паччахьо, цуьнан хьаькамаша а адамашна тӏехь латто харцо, ӏазап ца ладелла, царна дуьхьал гӏеттинера сан миска ваша… Оцу новкъахь, собарх воьхна, цуьнан даг чу оьгӏазло йоьссинехь, харцонна цо куьг айъинехь, ког баьккхинехь, шайтӏанан караваханчу минотехь цо бехкбоцчу бусалбанна а, керстанна а халахетар, бохам, зулам динехь, цунна гечделахь…
Дитташ тӏехь тӏаьххьара дисина мажделла гӏаш ийзош схьадохуш, идош, лоьхкуш дуьгий, кондарш кӏел, оьрнаш чудетта чехкачу махо.
– …ӏедало шайна тӏехь латточу ӏазапна, харцонна кхидӏа садетта собар а кхачийна, маршоне сатесна, сан вешех баьчча а вина, гӏевттина, оцу къийсамехь эгна нах декъалбелахь, дийна бисинчех къинхетам белахь… Царах массарех а дийлинчу гӏалатех а, ледарлонех а жоп уггар хьалха соьга дехалахь, Хьо резаволу ӏожалла суна лолахь, и миска адамаш дуьненан балех а, эхартан ӏазапах а хьалхадахалахь.
Доӏина хьалалаьцна Султӏин куьйгаш шелоно цӏийдинера.
– …Оха лелийначунна тхо цхьа а бехке вац, тхоьга цӏий ӏенадайтарна бехке паччахьаш, хьаькамаш, церан ӏедал а ду. Уьш эшо, хӏаллакбан, нийсо, машар, маршо йаккха халкъашна ницкъ лолахь… Сан миска ваша мостагӏашна хьалха Іожаллина дуьхьалхӏоьттича, иза къонахаллех, доьналлех вохавай, уьш цунах ма кхардабелахь!.. Йа аллахӏ, хӏай, веза дела, гӏо делахь тхан бакъонан гӏуллакхан!..
Стигал йазйелла, лаьтта тӏейожа йоллуш санна. Мох хьоькху диттийн гаьннашца шок йетташ. Дарц хьийза