Иза кхочушдаделча, ши пайда хуьлура: цкъа-делахь, уггар къармазе адамаш Нохчийчуьра дӏадахарца, кечбечу гӏаттаман корта боккхура цо; шолгӏа-делахь, полякийн гӏаттам хьаша и полк маьхза, ира герз дара. Тифлисехь къобалйира Михаил Тареловичан идея. Амма иза дахарехь кхочуш ца хилира. Цхьанне а ца лиира, шениг санна, ӏазапехь даллочу халкъо шен маршонехьа латто къийсам хьошуш, паччахьан чаьлтач хила…
– Дависа, уьш берриш Турце дӏакхалхо! – сатийсам гӏеттира Михаил Тареловичан даг чохь. – Графан Евдокимовн хилла ирс а ца хили сан. Хӏокху зӏуганийн бенара ведда, Кубанан областе ваха аьтто нисбели цуьнан. Цигара и абадзехаш, шапсугаш, бжедухаш, убыхаш, кхин, кхин а акхарой Турце а хьовсийна, шен кочара дӏадехи. Дийцина хӏун до цуьнан, мекара цхьогал ду иза.
Хӏара ламанхой Турце кхалхор мацах Ермоловна дагадеана, цуьнан заманахь долийнера.
И некъ боьллуш ши ӏалашо йара Кавказан куьйгаллин: хӏокху махкара мелла а адам дӏадаккхарца ламанхойн ницкъ малбар, мукъадевллачу латтанаш тӏе гӏалгӏазкхийн йарташ йахкар а. Хӏара тӏаьххьара шераш тӏекхаччалц цхьа доьзал а даррехь нуьцкъаха Турце ца хьажийра ӏедало. И дерриг а мекарлонашций, тешнабехкаций дора. Йа, эладитанаш даржорца, туркойн махках ламанхошна йалсамани тарйора, цига кхалхар хаздеш, йа, къизаллица ницкъ бой, сихха цига дӏабовдучу хьола тӏе бохура.
Ткъа кхалхоран гӏуллакх системе цхьа-ши шо хьалхий бен ца дирзира. Михаил Тареловична дагайеара Тифлисехь цу гӏуллакхан хьокъехь тӏаьххьара хилла кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара воккха эла Михаил Николаевич, эла Барятинский, эла Орбелиани, граф Евдокимов а. Дийцаре дина, тӏаьххьара сацам тӏеэца безаш дерг цхьа гӏуллакх дара: малхбузера ламанхой, ломара охьа а биссийна, йокъанечуй, уьшалечуй аренашка йа Турце кхалхор.
– Ламанхой цигара дӏабахарца дозаделла ду ӏаьржачу хӏордан малхбален бердашца вай тӏаьххьара а, гуттаренна а чӏагӏдаларан гӏуллакх. Вай хьалхахӏоттийначу шина некъах цара Турце боьдург къастор бу аьлла, хета суна, – шен лаам схьахьебира Михаил Николаевича.