И машаре манифестаци гӏаттаме йерзарна кхеравеллачу Лорис-Меликовс сихонца Шела хьажийра инарла-майор эла Туманов коьртехь йалх батальон гӏашлой а, йиъ йоккха топ а, гӏалгӏазкхийн йиъ сотни а. Чаччамех йуьзна тӏейиттинчу йаккхийчу тоьпаша тоба дӏасайаьржийча, арен тӏехь дисира цхьа бӏе кхузткъе бархӏ стеган а, йалх зудчун а декъий.
Оцу тӏехь чекх ца далийтира Лорис-Меликовс ша долийнарг. Цхьа кӏира даьлча, 26-чу январехь, цо Грозне гулбира Нохчийчуьра берриг наибаш, ӏеламчаш. Цхьа а тайпа хьийзораш ца йеш, царна хьалха ультиматум хӏоттийра цо: Шелахь йинчу хьовр-зӏовран коьрта бехкениш а, хьалха махкахбаха билгалбинарш а шега схьабалар. Кунта-Хьаьжин вирдан зуькар дихкира. Йуьртарчу цхьана стагах баьллачу бехкана йерриг а йуьрто жоп дала дезар хаийтира. И дерриг а кхочушдан цхьа кӏира хан йелира. Шен ультиматум кхочуш ца йахь, йерриг а йарташ хӏаллакйан кхерам а тесира. Цигара цӏа бирзинчу наибийн а, динадайн а гӏоьнца Кунта-Хьаьжин велийх вейтта, гергарчех пхийтта стаг а лецира. Йартех жоп дала дезачу тхьамданийн спискаш Лорис-Меликовна хьалха ӏохкура. Ша дийцинарг эрна доцийла хоуьйтуш, областера эскаран дерриг дакъош тӏеман низаме а далийра.
Лорис-Меликовн омрица, гӏарабевллачу молланашкий, къеданашкий ӏедална мегачу чулацамца массарна цхьатерра хьехамаш а йазбайтина, улло шатайпа приказаш а тийсина, уьш массо йарташкий, маьждагашкий дӏасабахьийтира. Нагахь гӏаттам эккхахь а аьлла, Нохчийчохь болчу ницкъаш тӏе Кубанера эскарийн керла дакъош далийра.
Цӏе лата кечйелла лаьттара Нохчийчоь. Нохчашна шера хаьара Россин арахьарчу пачхьалкхашца йукъаметтигаш а, полякийн гӏуллакхаш а. Областехь гӏуллакхдечу ссылке бахийтинчу полякашца цхьаьнакхетачу нохчийн эпсарший, талмажаший халкъа йукъа даржадора полякаша шайн къоман маршонехьа латточу къийсамах хабарш.
Масех бутт хьалха гуттар къармазечу нохчех вовшахтоьхна цхьа полк Польше йахийта дагадеара Лорис-Меликовна.
1. Кхузахь - векалш