– Эрна хабарш хӏунда дуьйцу вай, Бойсагӏар? – халла хезаш вистхилира Шемал. – Вешан догӏмаш инарлин карадалар ма тоьлу вайна, тӏаккха паччахьо къинхетам бийр бу вайх. Хӏокху бехачу тӏамо со а гӏелвина… Дерриг чекхдаьлла хӏинца… Со летта валарх, хӏун нислур ду? Дерриг эрна ду. Со воьду, Бойсагӏар…
– Имам!
Амма Шемал, шен тешамечу наибе ла а ца дугӏуш, оьрсашкахьа дӏаволавелира.
– Йухаверза, Шемал, ас Делан цӏарах нажжаз во хьо! Дохковала, имам! Ма де эхь къеначу лаьмнашна! Ва дела хила хьуна Делан неӏалт!..
Амма Шемала ла ца дугӏура. Цунна хьалха дӏахӏоттийра цуьнан хьоме сира дин. Шимма луьйтанаш, цхьамма ког а лаьцна, дина даьккхира цуьнан дазделла дегӏ. Хьаьдда тӏевеанчу полковнико Лазаревс, урх лаьцна, дӏаозийра дин. Йуьрта йисте кхаьчна, охьа чухьаьжча, имамна гира оьрсийн эскаршца лаьтта дагестанхойн отрядаш а, элана Барятинскийна уллохь лаьтта селханлера шен гергара наибаш Донго-Махьма а, ӏандалалски Хосро а, Елисуйн Дениел-бек а, шен мутаӏелам, доттагӏ, хьехамча хилла ӏаьмархан а, Тӏилитӏлара Кибит-Махьма а, кхин дуккха а. Берриш а – селханлера цуьнан доттагӏий. Имамо говр сацайайтира. Церан йаххьаш тӏехь Шемална шера гора баккхийбер а, догъӏабар а, йоккха гӏайгӏа а.
– И бусалбанаш аш сан бӏаьргашна гучуьра дӏа ца бахахь, со дӏа ца вогӏу! – элира цо сацамболлуш.
Къурмин Къосам охьачухьаьдира. Цхьа сахьт далале цигара лаххьийна дӏабехира берриг наибаш а, Дагестански иррегулярни полк а, хански нукерийн отрядаш а. Лазаревс говран урх дӏаозийра. Шемална тӏаьхьаволавелира цуьнан гергарчу нахах кхойтта стаг…
Ткъа Бойсагӏар, кху лаьмнашкахь виначу уггар майрачу, уггар хьекъалечу, сийлахь-воккхачу кӏанте – шена дукхавезначу шен имаме – тӏаьххьара бӏаьрг а тоьхна, мохь аьлла, ша лаьттачохь дӏахаьрцира.
Василийна хӏинца а шена хезаш санна хетара цуьнан тӏаьххьара доца къамел. Цигахь дийна бисина шен кӏезиг накъостий тӏе а гулбина, цаьрга ша дина а ваккхийтина, чӏогӏа нуьйра а вехкийтина, тӏаккха шен гӏоргӏа-стоммачу озаца вистхилира иза: