Халкъ тешара хьох, и тӏаьхьахӏоьттинера хьуна, ткъа оццул хьо веза лелийна халкъ холчахӏоьттинчу дийнахь, и дӏа а тесна, хьо хьайн са дадийна воьду!
Имам лаьттан бӏаьра вогӏавеллачохь висинера.
– Хӏаъ, Бойсагӏар, Нохчийчоь йаьгна. Иза йара со кога вахийтинарг. Шун нохчашна, шун наибашна тӏетийжаш, идийра ас хӏара ткъа шо. Шун халкъ къар ца делла гауршна, иза кӏадделла, цуьнан ницкъ бац дуьхьало йан. И хиъна шун наибаш кхушара оьрсашкахьа бевлира. Хьо цхьаъ тешаме висина суна, сан майра Бойсагӏар. Тӏом шайн махка баьлча, дагестанхойн йарташ, дуьхьало ца йеш, муьтӏахь хилла, кӏелсевци гауршна. Церан наибех соьца висинарг ӏаьндойн Дибир, хунзахойн Дибир, Согӏратӏлара Нурмохьмад а бен вац. Вуьш, оьрсашкахьа а бевлла, суна дуьхьал тӏом беш бу. Со дийна йа вийна шена тӏевалийначунна эзар туьма ахча кхайкхийна цо. Йа вуьйр ву цара со, йа йийсаре лоцур ву. Цул, сайн лаамехь со тӏевахча, тоьлашха хета… Халкъана къинхетам беха…
– Хӏан-хӏа, ахь и дийр дац! – тӏечевхира Бойсагӏар цхьа шо хьалха буьрса имам хиллачу, ткъа хӏинца гӏорасизчу Шемална. – Кхузахь герз буйнахь летта вала веза хьо! Хьо вацара ткъа тхуна сийлахь гӏазот кхайкхийнарг? Хьо вацара ткъа исламан дуьхьа керстанех леташ ӏожалла тӏеэцнарг Дала даржехь лакхавоккхур ву, кхеравелла, кара а вахана, царна муьтӏахь хилла кӏелсецнарг жоьжахатин цӏергахь вогур ву баьхнарг? Иштта хьехамаш ца бора тхуна хьан ӏеламчаша? Ахь а, хьан наибаша а ца олура ткъа тӏемалошка, вешан Даймохк гаурашна дӏалучул, летта далар гӏоли йу вайна? Хӏета, ахь а, хьан ӏеламчаша а адам ӏехош хилла-кх? Стешха кӏиллой хилла-кх шу? Ӏожалла тӏе ма-гӏоьрттинехь, хьан ӏеламчаш а, хьан хьоме наибаш а, куьйранах йевдда котамаш санна, бевдда гауршкахьа бевли! Хьо а царна тӏаьхьа дӏахьаьддийца! Хӏинца дицделла шуна шайн халкъ а, шайн латта а, шайн дин а. Хӏан-хӏа, Шемал, хьо гӏур вац гаурийн кара! Тахханалц кху лаьмнашна хьо вевзара майра бӏаьхо, тешаме кӏант, хьекъале баьчча санна. Ткъа турпалш дийна йийсаре ца боьлху. Нагахь хьо мостагӏийн карагӏахь, ӏаьржа кепек мах бац хьан! Кху лаьмнаша, шаьш мел лаьтта, неӏалт кхайкхор ду хьуна!