Тӏом Дагестанан махка баьлча, имаман кхузара наибаш, цхьа топ ца кхуссуш, бевдда паччахьан инарлашкахьа бевлла. Цхьана а йуьрто дуьхьало ца йира эскаршна. Кхузара бевдда дуккха а. Мурдашна бала ца лаьа, царна машар беза. Машар бийца эла волчу тешаме нах бахийта бохуш, тӏегӏертара уьш. Амма Шемала дуьхьало йира, шен кӏанта Гӏеза-Махьмас деххалц. Тӏаккха са ца тохаделира. Цо сардална тӏевахийтира Чиркойн Юнуссий, Чохойн Хьаьжӏелий. Доцца кехат йаздина: «Сардале эле Барятинскийга. Дала ӏалашвойла нийсачу новкъа воьду стаг. Нагахь ахь суна а, суна безачу нахана а Макка баха некъ лахь – вайна йуккъехь машар бу, ца лахь – хир бац». И кехат эцна вахана шиъ йухавеара, имаме шена тӏевола боху сардало аьлла. Цаьрца баьхкира полковникаш Лазарев а, Къурмин Къосам а.
Йийсаре ваха имаман сацам хилла баьллийла хиъча, шен цхьана кога тӏе хьалаиккхира буьрса Бойсагӏар. Чевнаша йеринчу йуьхьа тӏехь, седа санна, богура цхьаъ бен боцу бӏаьрг.
– Хьайн сацам хийца, имам, хьайн сийлахь цӏе йайъа воллу хьо! – къаьхьа мохь белира цуьнга. – Тхо дийначийн хьовха, беллачу тӏемалойн а сий дайъа воллу хьо! И дойла йац хьан!
– Хӏан-хӏа, Бойсагӏар, и ца дича далац. Наха доьху соьга. Зударий а, бераш а эрна хӏаллак ма хилийта, боху соьга…