Хьалха-м, доьзалехь кӏант кхиъча йа йуьртана тӏе стаг веача, цунна дакъа доккхура, хьун хьокхий. Хӏинца хьун хьокхур йу олийла а дацара. Йерриг хьун ӏедало шен дола йаьккхинера.
Тахана Айза цӏахь а йитина воьдура ӏела шайн ирзе. Цигахь дан дезаш ладам боццу гӏуллакх бен ца дисинера. Хьаьжкӏаш йийна хӏара шиъ даьллера, оханна тӏехулара бӏаьллаш дохош, жимма латта шардичхьана, асаран хан тӏекхаччалц мукъа дара. Цундела, ӏуьйранна де шеллах ирзо тӏера гӏуллакх дӏа а даьккхина, гӏор ша Ахьмад волчу аьлла, ӏаьрчхил дехьавелира иза.
Ӏаьрчхехь делкъан ламаз дина, Ахьмад волчу вахара ӏела. Мекха дӏахецна, стерчий дажа дӏа а лаьхкина, кхура кӏел бай тӏехь агӏорваьлла ӏаш карийра цунна иза.
– Ассалам ӏалайкум, хьекъийла хьан, Ахьмад! – тӏехӏоьттира ӏела.
– Ва ӏалайкум салам, Дела реза хуьлда хьуна а! Марша вогӏийла, ӏела, – каде хьалаиккхина, куьг а лаьцна, охьахаийра иза Ахьмада.
Могаш-паргӏат хаьттинчул тӏаьхьа ша деана гӏуллакх дийца вуьйлира ӏела.
– Хьоьга цхьана денна шуьста беха веана со, Ахьмад, – элира цо, делкъана садаӏа веана моьттуш, шега хӏумма а ца хоттуш ӏачу Ахьмаде.
– Ахь хӏун до стерчех, хьайн ирзу дийна ца ваьлла хьо?
– Сайн ирзу дийна-м ваьллера, лулахо ву сан ӏаламат вочу хьолехь.
– Мила?
– Васал. Стохка а висина иза шен кха денза. Чохь йалх бер ду. Тховса лер, кхана йу ца хууш, кӏелйисина меттахь ӏуьллуш зуда а йу. Васал ша заьӏап стаг ву. Чохь хьакхо рицкъа дац, кхушара кха денза бисахь, мацалла балар бен дац церан. Мел ойла йарх, уьш деха хьоьгачул бӏобулуш стаг ца карийна, веана со.
– Хаьа суна цаьргара хьал, – элира Ахьмада. – Ас айса а дукха ойла йина церан. Шина стараца ахалур долуш кха ма дац цуьнниг. Дукха хан йу иза ахаза ӏуьллу.
– Сан а, Чорин а шуьста хир бу хьайчаьрца.
– И ша ду. Маца деза шуна?
– Хьан шуьста мукъабаьллачу дийнахь.
– Со-м тахана вер ву.
– Делахь хӏета, кхана цуьнан урд аьхча, мел хир бара-кх вайна.
– Дала мукъалахь.
Хабарна тӏера воцу Ахьмад ӏелин хеттаршна доцца жоьпаш луш ӏара. Ӏелин гӏуллакх чекхдаьллий хиъча, гӏеттина, кхуран генах кхозу таьлсаш схьа а эцна, оцу чуьра сискаллий, кӏалддий схьайаьккхира цо.