– Делкъе йича, хӏун дара-те вайша, ӏела? Айсса хӏара ӏийша дог ца догӏуш ӏара со.
– Со хӏума кхаьллина ву, Ахьмад.
– Хӏетте а, цхьаьний кхоллур вайша.
Кхин меца воццушехь, кӏолде безам бахана, тӏехилира ӏела.
– Йалташ дӏадуьйш-м дара вай, ӏела. Амма, стохка санна, йокъа хиларна кхоьру-кх, – элира Ахьмада, хьала а хьаьжна. – Иттех де ду-кх вайна стигалахь догӏанан марха ца гун.
– Далла лиънарг хир ду. Ирх-пурх а, йалта эца деза. Ас-м цуьний бен ойла ца йо. Кертахь бежанаш, уьстагӏий долчара-м оьцур дара иза, тхо цхьадолчара хӏун дер хаац-кх.
– ӏосагӏар санна, кӏа дийнехь тоьллера вайна а. Цара гурахь дийна кӏа хаза тӏедаьлла.
– Хаац, хӏун хир. Цара дуьххьара дийна и вайн махкахь. Шортта латта долчара дийча тарло иза, амма, со санна, цхьа ирзон коржам бен йоцург, цу тӏе кӏа а дийна, охьахаа ваьхьар вац. Цул сов, эвсаре доцуш йалта а ду, хьаьжкӏел иттазза-пхийттазза кӏезиг долу а, боху, иза.
– Хуур ду-кх ӏосин кхаш тӏера хӏун йолу.
– Цунна хир ду хьуна, тӏулгаш тӏе дийча а. Дала дуьне делла стаг ву уьш кхоъ.
– Амма эхарте даха дог-м дуй хьовха.
– Цигахь хиндерг хьанна хаьа. Устазаша шайна улло а уьш хийшабо, ӏедало а уьш лоьру. Вай пекъаршна дуьне а доьхна, эхартахь хиндерг а хаац. Ши-кхо де хьалха ӏоса веанера Васал волчу. Кха дохка бохуш, хьийзаво цо иза.
Сискал ӏуьйшучуьра а сецна, ӏелега хьаьжира Ахьмад.
– Баккъаллий? Резахуьлий ткъа важа?
– Хӏан-хӏа.
– Хьай, жӏаьла-йаӏ! – карара сискалан йуьхк охьа а йиллина, дӏатевжира Ахьмад. – Ша санна, вохкалуш, эцалуш ву моьтту-кхий цунна массо а. Цхьанне а цуьнан боьха цӏий шена тӏелаца ца лууш, кху хене йаьлла и хьакха.
– Амма кхечу цхьана гӏуллакхо таро йохийна Васалан. Дӏадаханчу ӏай йухалург ӏосера цхьа гали хьаьжкӏаш йаьхьна цо. Йа и хьаьжкӏаш схьало, йа кха шена дита, боху хӏинца ӏосас.
– Остопируллахӏ! Делах ца кхоьру, нахах хеташ эхь а дац. Эххар а цхьана декъазчун карах лийр ву хьуна и!
Кхуран бухе хӏоттийна кхийра чӏуьжалг схьа а эцна, цуьнан бертера ӏаьӏийн хьокхаргийн горгам дӏайаьккхира ӏелас.
– Хи малахьа, Ахьмад, – дӏакховдийра цо чӏуьжалг.
– Баркалла, ас ца молу, – ша ӏачуьра хьала а айъавелла, охьахиира Ахьмад.