Дукха хан йалале гӏашлойн новкъахь гучувелира цхьа бере. Урх тесна йитина цуьнан говр меллаша йогӏура. Коьртах хьарчийначу башлакхца, тӏекхоьллинчу вертанца цунна тӏера бере, цхьа а хӏума тергал ца деш, кӏорггерчу ойланаша лаьцна хеталора.
Болатна бӏаьрг ма-кхийтти бевзира кӏайн сет а, кӏайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гӏайгӏане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кӏожам бага а лаьцна, гӏодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тӏехь сецира Болат.
Попа кӏелхула волучу Берсина букъах цхьа хӏума кхийтира. Болат бӏаьрнегӏар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тӏе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.
– Эхӏе-хӏе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – Хӏоппӏахь! Хӏара-м со вай!
Ша тӏехь ӏачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.
– Болат! Хьий, йилбаз, йаӏ! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хӏоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хӏун хир дара? Данчӏин кӏант хир вацара, сан доттагӏ а, жима тӏемало а вовр вара! Низам талхорна таӏзар дан деза хьуна.
Кхеравеллачу Болата шен кӏесаркӏога мӏараш хьаькхира.
– Олла ма ло! Ма тӏемало а ву, цӏулла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший?
– Шала-ӏинехь.
– Дӏавало. Амма таханлера гӏалат йуха далийтахь…
– Ас кхин йийр йац забарш…
– Дукха хан йуй хьо соьга хьоьжуш ӏен?
– Хӏан-хӏа. Ах сахьт гергга, – кхерам тӏехбаьллий хиъна, Болат йуха а векхавелира. – Хьо, паччахьан эпсар хиллехь а, ледара обарг ву, ваши.
Берса, вела а велла, кӏанте хьаьжира.
– Со-м ма вац обарг.
– Обарг вацахь а, амма лечкъаш-м лела хьо. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостагӏаша дерзинчу куьйгашца а дӏалоцур вара.
– И хӏун ду?
– Хӏун ду! Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, бӏаьрг сирла хила беза. Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гонаха тийна хиларан. Схьадогӏу олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, дӏадоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вогӏурий.
1. Диттан "жӏаьленускал"