Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна цӏен-кӏайн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, бӏаьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а. Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со.
Ведда вахана, новкъа а иккхина, хьала-охьа бӏаьрг а тоьхна, Берса тӏевоьхуш, куьг ластийра цо.
– Со-м, цхьанхьа со тергалвеш хьо вуйла хууш, парггӏат вогӏурий, Болат. Амма ахь дийцина сан гӏалаташ нийса ду. Хьан ӏамийна хьо иштта? – хаьттира Берсас, шаьшшиъ, Эгӏашта боьду некъ хадийна, дехьаваьлча.
– Зумсойн Залмас, – дозаллица жоп делира Болата. – Стохка аьхка а, дӏадаханчу ӏай а Органца хьала лаьмнашкахь ши бутт баьккхина ас. Цхьа бӏе гергга вара тхо цо ӏамош. Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла ӏамийра тхо. Нека-м сиха ӏемира суна, амма бедарш, герз а коьрта тӏехь, уьш ца дашош, хих вийла хала дара. Тоьпан а, тапчанан а лергара молха тӏунделлачунна хӏума тухура Залмас. Дечгаш вовшахтуьйсуш, бурам бан а, цуьнца хи тӏехула лела а ӏамийра. Доллучул самукъане дара акхарой йойъуш, церан цӏокарчех катташ дар.
– Уьш стенна оьшура шуна?