Цуьнан коьртехь санна, кӏоргера ӏилма долуш молла вац Нохчийчохь.
Болат цецваьлла Берсе хьаьжира.
– Суна моьттура, иза жима молла, моллин эхиг йу! Ой, иштта делахь, цуьнан коьрта тиллина туркойн пес а, тӏейуьйхина оба а, каралаьцна суьлхьанаш а хила ца дезара? Молла Идиг, молла Махьмуд а, Муьстапа-къеда а паччахьна дукхавеза. Маккхал хӏунда вац уьш санна? – хеттарш ӏенадора Болата.
– Ахь буьйцучу молланаша паччахьна гӏо до. Цара гӏо дира кху ӏай Сту Бийначу Арахь нах бойъуш а. Уьш а, уьш саннарш а вайн халкъан йамартхой бу. Ткъа Маккхал санна, майра, хьекъале а, халкъан дуьхьа бала кийча молланаш дукха бац Нохчийчохь. Керста а, бусалба а ца къастош, дика адамаш дерриш а дукхадеза Маккхална. Цул сов, оьшучу меттехь оцу шен маттал а дика герз леладо хьуна цо, Болат.
– Хӏетте а, Аьрзу тоьлу массарел а. Хьол тоьлий иза, ваши?
– Тоьлу дера-кх, – вела а велла, тӏетайра Берса. – Аьрзу шен пхийтта шо кхаьччахьана дуьйна тӏеман цӏергахь кхиъна, ткъа со доьшуш лелла.
«Хӏаъ, Аьрзу дукха тоьлу сол. Цуьнан хьекъалний, майраллиний тӏеоьшург тӏеман ӏилма дара. Тӏаккха хир вацара цуьнга кхочуш инарла», – ойла йора Берсас.
Шена хетачунна Берса тӏетайча там хиллачу Болата, хеча хьала а оьзна, коьртара бӏегӏаган куй, разбоккхуш, агӏор теттира. И шиъ шовдане кхача дукха йукъ ца йисинера. Болатна лаьара, Берсица ша цхьа виссинчуьра, дерриг а хетта, дийца. Иза цӏа веача, церан чохь
Данчӏа йа хьеший боцуш меттиг ца хуьлура цкъа а. Болатна кхин нислур бац иштта аьтто.
– Паччахьо хьуна ши ордал йелла бохург бакъ дуй, ваши?
– Хӏаъ.
– Хӏун динчунна?
– Гена махкахь цхьа къам дара, вайнах санна, цхьана паччахьо хьийзош. И къам гӏеттинера шена маршо йаккха. Церан паччахьо, ша эша воьлча, оьрсийн паччахье гӏо дийхира. Оьрсийн паччахьо шен эскарш дахийтира цига орцах. Оцу эскарца вара со а. Цигахь хьуьнар даьлла, йеллера-кх.
– Шелахь суна гинчу эпсарша шайн ордалш некха тӏе а ухкий лелайо. Ахь хьайниш хӏунда ца лелайо?
– Уьш йоцуш йу хӏинца, Болат.
– Мича йахана? Йайъина ахь? Йа дӏайаьхна хьоьгара?
Кӏанта дуьйцучо цхьа хан карлайаьккхина, гӏайгӏане хиллачу Берсас корта хьовзийра.
– Ас Мичка чу кхийсина уьш.
Болатан догдуьйхира.