– Вон кхийсина, ваши. Дӏа а йехкина, цӏахь йитинехь.
– Сан цӏа дан а дац, Болат.
– Хьайна оццул совйевлла хилча, суна лур йара-кх.
– Суна хаацара хӏетахь хьо дуьненахь вуйла. Вайшинна оьшуш хӏуманаш йацара уьш, Болат. Адамийн цӏий ӏенорна йелла ордалш вайшиннан некха тӏехь товр йац.
– Иза а ду-кх бакъ, – элира Болата, воккхачо санна, тӏаккха, жимма ойла йеш ӏийна, хаьттира: – Берса, доккха дуй хӏара дуьне?
– Дера ду, Болат.
– Адамаш, вай санна, хало хьоьгуш дуй массанхьа а?
– Массанхьа а цхьаъ ду, Болат. Ницкъболчо гӏорасизниг вуу. Тоьлларг веха, эшнарг ле. Амма кхечу мехкашкара адамаш кхетам болуш, говза ду. Царна хаьа шаьш лело дезарг. Вайн дайша а ца дешна ӏилма, шу а дац доьшуш. Цо галдоккху дерриг а. Вайнахана, дуьххьалдӏа майрра латий бен, мостагӏашца къовса кхин некъ ца хаьа. Цундела вай бӏаьрзе хӏаллакьхуьлу, ӏехо атта ду.
Болата ойла йира. Цунна хаа лаьара и школа бохург хӏун йу. Хьуьжаре хӏун йу-м хаьара. Уьш-м Шелахь а йара. Амма хеттарш дан хан йацара. И шиъ тӏекхачаре хьоьжуш, шовданна уллохь хӏоьттина лаьттара Аьрзу а, Маккхал а.
Доттагӏаша вовшийн доггах маракъевлира. Доцца хьал-де а хаьттина, лекхачу попа кӏел сийначу бай тӏе охьа а хевшина, гӏуллакхах къамелаш долийра цара.
– Тӏаккха, кӏентий, хӏун ду Нохчмахкахь? – хаьттира дерриг сихха хаа сакӏамделлачу Берсас.
Маккхала резавоцуш корта ластийра.
– Диканиг кӏезга ду, Берса. Шелахь йинчу хьовр-зӏовро тӏекӏелтоьхна дерриг а. Билтойн тхьамданаш Шахьболат а, Умалхьат а, зандакъойн Нуркиша а, Бӏагӏало а шина дага бахана. Вайн барта йукъара дӏабовла а лаац, вукху агӏор, ӏедална цӏоганаш а лестадо. Шахьболат а, суьдан къано Саьмби а вовшийн гергара ву. Гезлойн Хасу а стохка дуьйна ӏедалца къайлаха йукъаметтигаш йолуш вуй-те, моьтту тхуна. Бакъду, вайн гӏуллакхах лаьцна ӏедале хӏумма а ца олу цо. Шахьболатций, Саьмбиций йолчу гамонна лела. Доцца аьлча, царах тешам бац. Момин Хьотас шен гендарганой, ткъа Ойшин Чомакха шен гӏордалой буйна боьхкина.