мехкарий оьцура меттигерчу феодалаша. Цхьана стага шовзткъа, шовзткъе итт йоӏ оьцуш меттигаш а нислора. Трапезундан инарла-губернаторо Эмин Мухлис-пашас ша эцна бӏе ткъе итт йоӏ совгӏатна йийкъира Константинополерчу лакхарчу хьаькамашна.
1864-чу шарахь кхелхинчу ламанхойн цхьана лагерехь хиллачу английски консулан йоӏа йаздора:
– Турце кхелхина ламанхой-чергазий массанхьа а, массо хенахь а гина суна. Вовшех ца къаста гӏерташ, цхьана гулахь хуьлучу царна йуккъехь гора беллачарна уллохь ӏохкуш цомгашниш а, йуург лоьхуш оцу йуккъехула кхерста гӏалартех тера могашниш а. Тхо лагерна гергакхаьчча, куьйгаш лаьцна бераш далош, тхуна дуьхьалбаьхкира зударий а, божарий а, шайн бераш эцар доьхуш. Суна хетарехь, оцу мецачу, дерзинчу берашна, шайна кхача а, кӏелхӏитта тхов а хилчахьана, шайна а лаьара дайх-нанойх дӏакъаста. И чергазий кхузахь шина декъе бекъабеллера: тхьамданаш а, лайш а. Тхьамданашна лаьара, и адамаш дӏогахь, шайн даймахкахь санна, цхьа а дуьхьало йоцуш, кхузахь а шайна муьтӏахь хуьлийла. Амма шайн дахарехь хилла хийцамаш хууш болу и шолгӏаниш резабацара тхьамданийн бӏаьрзе лайш хилла совца, цара шайн адамаллин бакъонашкахьа къуьйсура.
Кхечу дипломато Канитца дуьйцура, Турце кхаьчначу ламанхойн феодалашний, церан лайшний йуккъехь хаддаза тасадаларш хуьлура, цкъацкъа уьш тӏаме а доьрзура бохуш.
Кавказан ламанхой Турце чуэца резахуьлуш, ши ӏалашо йара султанан правительствон: Россина дуьхьал шайн къийсамехь царах пайдаэцар а, Оттоманан импери чохь дехачу халкъийн шайн къоман маршонехьа боламаш хьошуш ламанхойх пайдаэцар а. Кхелха ламанхой хӏокху Турцехь цхьана гулахь дӏатарбан ойла а йацара правительствон. Иза туркойн ӏедална а, йукъараллин синтемна а кхераме хетара. Цундела Босне, Герцеговине, Сире, Иордане, Ливане, Месопотаме, Египте дӏасабаржийра кхелхарш. Оцу мехкашкахь, къаьсттина Балканерчу провинцешкахь, ламанхойх эскарийн дакъош а кхуллуш, тӏеман колонеш йехкира, Россехь гӏалгӏазкхийн станицех тера. Оцу колонеша, славянаш дакъошка боькъуш, царна йуккъе бусалбанех дийна пенаш хӏиттадора Балканашкахь.