Ламанхошка хӏоьттинчу халачу хьолах пайда а оьцуш, кхалхоран йуьххьехь дуьйна шен ӏалашо кхочушйан йуьйлира султанан правительство. Схьакхалхар дуьйцучу хенахь правительствос дош деллера хӏара ламанхой ткъа шарна тӏеман декхарех мукъабаха. Амма хӏорш Турцин махка тӏе ма-бевллинехь, царах вовшахтоха йолийра «чергазийн дошлойн полк» а, султанна «чергазийн гварди» а. Мацаллин ӏожаллех кӏелхьарбовла гӏерташ, цхьана йоццачу хенахь кхо эзар ламанхо хӏоьттира туркойн эскаре. Эскарехь гӏуллакхдан луурш хилийта, божарий бохкар-ецар а дихкира. Эскаре дӏа ца оьцура зуда а, бераш а долу стаг. Доьзалх бозабелла боцуш, маьрша бӏаьхой, йа, вуьшта аьлча, чаьлтачаш оьшура ӏедална. Ткъа шайга хӏоьттинчу инзаре халачу хьолах кӏелхьарбовла кхин некъ боцуш бӏарзбелла ламанхой, шайн зударий, бераш а духкуш, шаьш салт бовлура.
Адамийн исторехь цкъа а йуьйцу ца хезначу тайпанара Кавказан ламанхойн и йоккха трагеди чекхйелира кхелхинчех ах тайп-тайпанчу цамгарех а, мацалла а, шелонна а хӏаллакьхуьлуш. Дийна бисинчех пхийтта процент зударий, бераш а лоллина доьхкира. Важа дакъа Жимачу Азехь, Балканашкахь, Месопотамехь, Къилбаседа Африкехь а, борц санна, даржийра.
Оцу ӏай малхбузерчу ламанхошка хӏоьттина ирча хьал гиначу Императоран Академин академико А. П. Бержес йаздира:
«Цкъа а меттадогӏур дац Новороссийск бухтехь гулвеллачу вуьрхӏитта эзар ламанхочуьнга хӏоьттинчу ирчачу хьоло ӏовжийна сан дог. Шеран уггар шийлачу, ткъевнечу хенахь мацалла ца бала рицкъа доцуш ӏохкучу царна йукъа йаьржинчу тифан а, морзгалийн а цамгарша халачу хьелашка хӏиттийнера уьш. Хьенан дог ӏаьвжар дацара, йерзинчу стигала кӏел, тӏуьначу лаьттахь, тӏелхигйаьлла, йелла ӏуьллу къона черкешенка а, цунна уллохь даладоллучу сица къуьйсуш ӏуьллу – цхьаъий, шен мацаллин рицкъа лоьхуш, ненан шелбелла накха цӏуббеш долу важий – ши бер гича? Иштта суьрташ дуккха а гора…»
Шен дешнаш дукха шога хетий, уьш мелла а кӏаддархьама, масех могӏа тӏетуху оцу лерамечу академико:
«ХӏХ бӏешарахь таж лелийначех уггаре адамалла долуш волу император Александр ӏӏ-ниг ӏаламат гена вара, 1609-чу шеран 22 сентябрехь шен паччахьаллин